ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саудийн пачхьалкхана дуьхьал керла акцеш хилла ТехIранехь


Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхана дуьхьал хьажийначу акцийн керла мур болабелла ГIажарийчохь. ГIажарой эргIадбахана бу Саудийн пачхьалкхехь, Iедалша кхел а йина, шиIатийн имам Нимра ан-Нимра вер бахьана долуш. Эзарнаш демонстранташ арабеввлера ТехIранан урамашка. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, цу кеппара акцеш хилла ГIажарийчоьнан кхечу гIаланашкахь а.

Хьалхо Саудийн пачхьалкхо дипломатин юкъаметтиагш дIахедийра ГIажарийчоьнца, шайн ТехIранехь а, Мешхедехь а йолчу дипломатин миссешна тIелатарш дина аьлла. Изза дина Саудийн бертахоша Бахрейно а, Судана а, Джибутис а, Сомалис а. Куветйо а, Катара а цIакхайкхина шайн ТехIранера векалш. Цу гIулчана жоп луш, ГIажарийчоьно дихкина Саудийн пачхьалкхарчу сурсаташна импорт яр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG