ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина дарж дита аьлла Асаде


Президента Путин Владимира Шемин куьйгалхочуьнга Асад Башаре дехна шегара дарж дитар. И хаам баржийна пIераскана Financial Times газето малхбалерчу къайлахчу сервисашна тIе а тевжаш.

Газето бахарехь, Оьрсийчуьрчу Коьртачу Талламан урхаллин (ГРУ) коьртехь лаьттина Сергун Игорь хьажийна хилла и дехар дIакхетош Шема Асад волчу. Ша юкъахь волуш бен хуьлийла дац тIаккха Оьрсийчоьннанний, Шеминний юкъарлонаш, аьлла жоп делла Асада, газето тоьшалла дарехь.

Оьрсийчуьрчу ТАСС агенталло Путин Владимиран пресс-секретарехула харцбина Financial Times газетан и хаам. «ХIан-хIа, иза ишта дац», аьлла ду Песковс оцу хьокъехь дина дерриг а дIахьедар.

Сергун Игорь велла ткъеха де хьалха, официало даржорца, Москохна гена доццуш садоIучу меттехь, дог а сецна. Ткъа кхечу хьостанаша бахарехь, велла де а, меттиг а кхин ю - иза Либанехь кху беттан хьалхарчу дийнахь велла, бохуш дуьйцу цхьайолчу хьостанаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG