Оьрсийчоьнан Airbus А321 олу некъахойн кема дохош дакъалаьцна хила мега аьлла 4 стаг лаьцна Мисаран Iедалша. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло. Цо дийцарехь, царна юкъахь ву EgyptAir компанин механик а, шиъ полисхо а, некъахойн багаж кеманна тIехь дIанисъеш хилла белхахо а. Мисаран Iедалша цу хьокъехь цкъачунна бина цхьа а хаам бац.
Iедалан векалша юха а дIахьедар дина шайгахь цхьа а тоьшаллаш дац цу кеманна тIехь теракт йина хилар аьлла. Reuters агенталло дагадоуьйту, нагахь террорахоша и кема чудаийтина хилар гучудалахь, цу тIехь хиллачу нехан гергарчеран аьтто хирг хилар, Мисаран Iедалшка компенсаци еха.
Шарм-аш-Шейхера Петарбухе доьду кема чудеара стохка ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь, Синайн-ахгIайренехь. И бахьана долуш велира цу тIехь хилла 224 стаг. Царах дукхах беш Оьрсийчура бахархой бара.