ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Женеверчу машаран дийцаршкахь дакъалоцур ду Шемарчу оппозицино


Шемарчу оппозицин коьрта организаци реза хилла Женевехь машаран дийцаршкахь дакъалаца. Цунах лаьцна хаам бина Iаьрбийн керланийн телеканало "Аль-Арабия аль-Хьадат".

Цо дийцарехь, Шемара Лаккхарчу дийцарийн комитето бина и сацам, Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташца а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацица а дагаяьллачул тIаьхьа. Шемарчу Iедалан векалийн а, оппозицин векалийн а дагадовларш дIадуьйладелла ПIераскан дийнахь.

Хьалхо хаамаш баьржира цигахь дакъалоцуш Дуьненаюкъараллан Шемахула волу леррина векал де Мистура Стаффан а, Шеман Iедалан делегаци а бен кхин цхьа а вац аьлла.

Шемарчу оппозицина тIехIоьттина ю Саудин Iаьрбийн пачхьалкх. Оппозицин декъашхой Женеве баха лууш бацара Iедалан ницкъаша го бинчу гIаланашна гуманитаран гIо дан доладаллалц.

XS
SM
MD
LG