ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхошна тIе бомбанаш еттар дитар доьху Iамерко Оьрсийчоьне


Шемарчу Iедалан эскаршна дуьхьалоечу гIаттамхошна тIе бомбанаш еттар дита, аьлла, дIахьедина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретара Керри Джона Кремле. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца шен телефонехула хиллачу къамелехь цо хаийтина, гонехь лаьттачу Шемин гIаланашка гуманитаран гIо дIакхача некъ бита аьлла арахецна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин резолюци юйла.

Кхаарийдийнахь Женевехь цхьа а жамI доцуш дирзина Шемара тIом сацорах долу дийцарш. Раунд йоьрзуш Керрис аьллера, ша а, Лавровс бартбина герзаш совцорах къамелдан, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG