ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIордаш чохь эскарш Iаморашка дерзийна Кремло


Малхбалерчу Европера НАТО-н эскарш чIагIдан сацам тIеэца тарло тIедогIучу кIиранах, аьлла альянсан инарла секретара Столтенберг Йенса кхаарийдийнахь Брюсселехь. Шина денна кхеташоне гулбеллачу тIеман министршна хьалха элира цо, Польше а, Оьрсийчоьнца лаьттачу Европан дерриг а дозане а узур ду эскарш, аьлла.

«Альянсан муьлххачу а декъашхочунна тесна кхерам ерриг а НАТО-на тесна лору оха, бохура Столтенберга. Оцу юкъанна хаамаш баьржина Оьрсийчуьра, Туркойчоьнна герга йолчу мехкашкахь, иштта Iаьржа а, Таркойн а хIордаш чохь эскарш Iаморашка дерзийна Кремло, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG