ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIордахбуьйлучу мухIажиршкара ясакх ца яккхийта


Желтойчоьно, Германино, Туркойчоьно динчу дехарна жоп луш, еарийдийнахь Брюсселехь Евробертан тIеман министрш гулбеллачохь Атлантикан альянсан (НАТО-н) куьйгалхочо Столтенберг Йенса элира, Эгейн хIордачохь мигранташ Европе кхуьйлу контрабандисташ сецош гIодийр ду альянсан хинкеманаша.

НАТО-н инарла секретара бохура, шен куьйгакIелхьарчу ницкъаша хьедийр дац баланах бевддачу мухIажирша шаьш дуьгу кеманаш, амма тергойийр ю Шемахь, Иракъехь лаьттачу тIамах пайда а оьцуш, нахера ясакх йоккхучу нехан.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мигранташкахула йолчу агенталло бахарехь, кхушара хIордачухула кхаьчна Желтойчу 75 эзар мухIажир. 400 сов стаг велла, Дуьненаюкъарчу хIордах а ваьлла, Европе кхача гIерташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG