Малхбалерчу лидерша къобалбо Шемахь гуманитаран гIо бахархошна тIекхачорхьама ханна тIом сацо бина барт. Къастийна иштта Оьрсийчоьно шен кеманашца ша ден тIелетарш а совцор долуш. Мюнхенехь пIераскан буса хилла и барт. Цуьнца а догIуш кIира даьлча Алеппохь а, гонаха а, кхин а цхьацца меттигашкахь а совцор ду дуьйлучуьра герзаш.
Амма ца хьакхало бертан хьелаш Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино «Исламан пачхьалкх» олу тобанаш лаьттачехь къастийначу меттигех. Оццу декъахь, дуьхьал бен къовсам лагI ца беш юьту ал-Нусра олу жихIадхойн цхьаьнакхетаралла а.
Малхбалера дипломаташ богу Оьрсийчоьно ша тIом сацон делла дош ца дохорна, хIинццалц а нисделла ма-хиллара, «Исламан Пачхьалкх» тобанашна тIе етта а бохуш, Шемин диктаторна дуьхьаллаьттачу оппозицин ницкъашна тIе ракеташ, бомбанаш еттар дIадахдаларх.