ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керланаш

Давутоглу: Терроран тоба санна лела Оьрсийчоь Шемахь

Оьрсийчоь Шемахь «терроран организаци» санна лела аьлла дIахьедар дина Туркойчоьнан премьер-министро Давутоглу Ахьмада. «Нагахь Оьрсийчоь кхин дIа а, бахархой махкара лоьхкуш, терроран тоба санна лелахь, цунна шайн жоп вуно ондда хир ду» - аьлла дIахьедар дина Давутоглус, Оршот дийнахь Киевехь вистхуьлуш.

Туркойчоьнан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш вуно гIоьртина ю стохка Лахьан-баттахь туркойн кемано оьрсийн бомбанаш туху кема чудаийтинчул тIаьхьа. Оьрсйчоьнан президенто Путин Владимира иза шайна тIехьаша дина тохар ду элира.

Киевехь Давутоглуца дагадовларш дIадаьхьначул тIаьхьа хиллачу зорбанан конференцехь Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс баркалла элира Туркойчоьнна, Украинехь хуьлучух цо лаьцна позици бахьана долуш.

ДЕРРИГ КЕРЛАНАШ

Лоьман кIорни гIелонехь кхабарна дов айдина Дагестанехь

Дагестанерчу Избербашехь бехктакхаман дов айдина дийнатна гIелоярца доьзна. Йина чевнаш а йолуш, 8 бутт кхаьчна лоьман кIорни карийра цигахь хьалхо.

Кхаарин дийнахь мехкан прокуратуро бинчу хаамца, дов гIаттийна таллам бинчул тIаьхьа, наха Симба цIе тиллина лоьман кIорни лазор теллича.

Билгалдаьлла, 2020-чу шеран Чиллан-баттахь я Зазадоккху-баттахь Симба лазийна хилар. Арахь карийна иза Зазадоккху-беттан 24-чу дийнахь, дарбадан долаэцна ветеринараша а, дийнатийн терго ечу говзанчаша а, кхачийна Челябинске, акхарошна реабилитаци ечу центре.

  • 2019-чу шеран Лахьан-баттахь Дагестанерчу волонтерийн "Зоолайф" юкъаралло дийхира Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 245-чу декъехь хийцамбар (дийнаташца къиза хилар) – ден таIзар лах а деш, акхарой кхобу меттигаш тояр а, циркашкахь а, зоопаркашкахь а адамаш дийнаташца лараме хила декхаредар доьху волонтераша.
  • Оцу юкъанна, дуккха а бу Дагестанехь, да воцуш девлла лела дийнаташ дайъа деза аьлла хетарш. Масала, Хасу-Юьртахь дийнаташна тIехIуьттучу волонтерашна гина дуккха а жIаьлеш дойъуш.
  • Долара "зоопаркаш" кест-кеста гучуюьйлу Дагестанехь. 2018-чу шеран юьххьехь черчий яра видео чухула гойтуш, некъайистерчу цхьана туьканна уллехь, зIенах йихкина латтайо уьш, 50 сом а луш, суьрташ дохура цаьрца тIехбуьйлучу наха.

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса уьнах велла 9 дархо, цамгуш хилла кхин а 630 стаг

9 стаг велла коронавирусах, 630 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь.

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, 3 стаг велла Дагестанехь, 2 – Кхарачой-Чергазийчохь, цхьацца – Краснодар-махкахь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Ставропол-махкахь, ГIалгIайчохь. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 794 стаг.

Дийнахь-буса уггаре дукха коронаврисах цомгуш хилларш бу ГIалмакхойчохь – 194 стаг.

ТIаьххьарчу дийнахь тIекхиина а, юьхьанца дуьйна цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду:

  • ГIалмакхойчоь +194 (1717)
  • Ставропол-мохк +93 (5318)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 69 (3668)
  • Дагестан + 68 (7968)
  • Краснодар-мохк + 59 (6102)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 48 (5109)
  • Адыгей + 46 (1981)
  • Къилбаседа Х1ирийчоь + 21 (4049)
  • ГIалгIайчоь + 19 (3088)
  • Нохчийчоь + 13 (1736)

Ерриг а Къилбаседа Кавказехь официалехь коронавирусах цомгуш хилла лору 40 741 стаг. Товбецан-беттан 2-чу дийнахь Оперативан штабо бинчу хаамца, юьхьанца дуьйна Оьрсийчохь уьнах цомгуш хилларг ву 661 165 стаг.

  • Федералан штабан статистика дукха хьолехь цхьана ца йогIуш нисло меттигашкарчу терахьашца. ЖамIаш ден хьесапаш кеп-кепара хиларца дузу иза Iедалхоша.

Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь уггаре кIезиг харжамхоша кхаьжнаш тесна регион ю ГIалгIайчоь

Оьрсийчоьнан Конституцин хийцамийн хьокъехь кхаьжнаш тосуш Къилбаседа Кавказехь дакъалаьцна ах сов харжамхоша. Иштта бу Оьрсийчоьнан харжамийн коьртачу комиссин хаам.

Товбецан-беттан 1-чу дийнан делкъехь лаккхара гайтамаш бара кхьажнаш тасарца Нохчийчохь (массанхьачул а лакхара ду Оьрсийчохь цигара терахьаш), Къилбаседа Кавказехь уггаре лахара ду дакъалацархойн терахь ГIалгIайчохь.

  • Нохчийчоь - 85,89%;
  • Кхарачой-Чергазийчоь – 75,54%;
  • Къилбаседа ХIирийчоь – 74,65% ;
  • Дагестан – 74,09%;
  • ГIебарта-Балкхаройчоь – 71,89%;
  • Краснодар-мохк – 71,18%;
  • Адыгей – 69,36%;
  • Ставропол-мохк – 63%;
  • Г1алмакхойчоь – 65,61%;
  • ГIалгIайчоь – 55,96%.

Товбеца-беттан 1-чу дийнан делкъана 12 сахьт даьлча Оьрсийчохь кхаьжнаш теснарш бара 57,43% харжамхой.

Кхаьжнаш тесна пхи де далале хууш хир ду, низамца а догIуш, харжамийн жамI.

Нохчийчохь кхаьжнаш тесначу харжамхойх 98% къобалбина Конституцин хийцамаш

Нохчийчохь харжамийн каппашка кхаьжнаш таса бахначу харжамхойх 97,92% къобалбина Конституцин хийцамаш, хаам баржийна официалехь.

"Оьрсийчоьнан Конституцин хийцамашкахьа кхаьжнаш тесна харжамашка бахначу нахах 97,92%, ткъа дакъалаьцнарг ву 712 909 стаг, дуьхьал кхаьжнаш бу 1,94% (14 132 харжамхо)", - яздо РИА Новости агенталло, махкарчу хажамийн комиссин терахьашна тIе а тевжаш.

Пачхьалкхарчу харжамийн коьртачу комиссин информаци йовзуьйту "Интерфаксо": ерриг а Оьрсийчохь листина 98,01 % протоколаш, кхаьжнаш тесначу харжамхойх 78,05% къобалбина Конституцин хийцамаш. Харжамийн коьртачу комиссин куьйгалхочо Памфилова Эллас бинчу хаамца, пачхьалкхерчу харжамхойх 64,99% дакъалаьцна барамехь.

Конституцин хийцамийн хьокъехь хенал хьалха кхаьжнаш тийса болийра Оьрсийчохь Мангал-беттан 25-чу дийнахь. Харжамийн коьрта де дара Товбецан-беттан 1-ра де. Хийцамаш тIеэцна ларало харжамхойх эха декъо къобалбарца.

  • Къилбаседа Кавказерчу массо а мехкашкахь бахана кхаьжнаш таса ах сов харжамхой. Уггаре дукха дакхалацархой бу бараман Къилбаседа Кавказерчу регионашлахь Нохчийчохь, уггаре кIезиг – ГIалгIайчохь.
  • БуьритIерачу №11 школин хьехархоша хаам бина, куьйгалхоша шаьш декхаредира харжамашка даха а, Конституцин хийцамаш къобалбеш кхаьжнаш тийса а, аьлла.

Путин "цкъа а хийцалуш воцу президент" хила веза, боху Кадыровс

Оьрсийчоьнан "цкъа а хийцалуш воцу президент" хила веза Путин Владимир, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен гонан кхеташонехь. "Мила хир ву иза хийца? Вац дуьненан тIегIане кхаьчна и санна волу политик", - боху Кадыровс социалан машанашкахула яьржинчу кхеташонерчу видео чохь.

Цунна гарехь, Путин куьйгаллехь волчу заманахь лаккхара ирхенаш яьхна Нохчийчоьно. "Низамца чIагIъеллачу пачхьалкхехь, Оьрсийчоьнан Федерацехь, деха вай", - аьлла Кадыровс, махкахой Конституцин хийцамаш тIечIагIбечу харжамийн бараме а кхойкхуш.

Кхаьжнаш тасар доьрзу Товбецан-беттан 1-чу дийнахь, амма Нохчийчохь дукхахболу харжамхой - 75% сов - чекхбевлла оцу барамах. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь шинарийн дийнахь бацара кхаьжнаш тесна 45% нах бен.

Хьалхо хиллачу харжамашкахь Нохчийчуьрчу бахархойх, даима а санна, 90% сов хуьлура барамах чекхбевлларш. Ткъа дукха хьолехь хуьлуш бац махкахь дIахьочу харжамашна тIехьожуш тоъал тергамчаш, цундела оппозици кIезиг теша жамIех.

  • 2018-чу шарахь, президентан харжамаш хилале а дIахьедира Кадыровс, Путин "даиманна вита веза пачхьалкхан куьйгаллехь", аьлла.
  • Конституцин тIетохаршна юкъахь кхоже дуьллуш ду Путинан президенталла "юхадолор"– хийцамаш тIеэцначул тIаьхьа кхин а шина харжамашка ваха бакъо хир ю цуьнан, Iойла хир ду президентан даржехь 2036-гIа шо тIекхаччалц (оцу хенахь Путинан хир ду 84 шо).
  • "Даиманна президент" олу кеп яц Оьрсийчоьнан Конституцехь, дIахьедина Путинан пресс-векала Песков Дмитрийс шинарийн дийнахь.
  • Белла дIабовллалц президенташлахь Iан магош нисделла шайн авторитаран пачхьалкхашкахь, масала, Броз Тито Иосипна а (Югослави), Ниязов Сапармуратана а (Туркменистан). Къилбаседа Корейн лидер Ким Ир Сенна а кхайкхийра велча "даиманна президент " – хIинца цигахь и дарж данне а дац харжаме доккхуш.

Берлинехь Хангошвили верца доьзна лаьцна шолгIа стаг ФСБ-ра волчух тера ду

Берлинехь нохчо Хангошвили Зеламха верца доьзна дIахьочу талламехь вуьйцу Оьрсийчуьра шолгIа вахархо ФСБ-ца (Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисца) зIенехь хила тарло. Цо динчу дарешна тIе а тевжаш, талламчийн аьтто баьлла ФСБ-ца юкъарло долу кхин а массех стаг вовза. Царах лаххара а кхоъ ву дозанал арахьа нах байъарца доьзна шеконехь. Оцу хьокъехь ша бина таллам бовзийтина Британерчу Bellingcat тобано а, Германерчу Der Spiegel журнало а, Оьрсийчуьрчу The Insider портало а.

Стохка, Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь вийра Хангошвили. Зулам динчу сахьтехь лецира герз диттина хила тарлуш волу стаг. Цуьнан цIе къайленехь латтайо Германерчу талламчаша. Ткъа журналисташа дийцарехь, иза ву Красиков Вадим. Болчу хаамашца, ФСБ-хь болх бина а, нах бойъуш лелла а ву иза. Немцойн прокуратуро зулам дарна ша бехк тIехьош билгалдаьккхина и стаг Хангошвили вен Оьрсийчоьнан Iедало араваьккхина хилар.

Кху деношкахь къаьстина Хангошвили верца доьзна толлучу гIуллакхехь кхин а цхьа стаг шеконе эцнийла – Д. Роман. Bellingcat-о бахарехь, иза Давыдов Роман ву. Журналисташ тешна бу иза кхоллина йолу, йоцу цIе хиларх. 2019-чу шеран Товбецан беттахь делла цунна арахьара паспорт, ткъа и хан кхаччалц ишта цIе йолу стаг хилла вац Оьрсийчоьнан пачхьалкхан базашкахь, боху цара. Красиковна луччу дийнахь елла ю «Давыдовна» а Шенгенан виза.

«Давыдов» шен паспортца веана Полше. Циггара кхаьчна Берлине Красиков а. Bellingcat-ехь йолчу некъаш тIерачу камерийн видеоша гойту Давыдов Москвахь лелла меттигаш: 2019-чу шеран Товбецан-баттахь иза виллина хуьлуш ву Красиков вехачу «Осенний бульвар» олучу урамехь а, тIаьхьо Балашихехь йолчу ФСБ-н леррина Iалашонаш кхочушъечу центрехь а.

Цкъачунна дуьззина кхеташ дац, хIун дакъа лаьцна Давыдовс Хангошвили вуьйш. Талламчашна хетарехь, Красиков ша цхьаъ ларавойла дац, сихха кечам а бина, стаг вен. Цхьана дийнахь кхиина хила веза Хангошвили вийнарг Германехь юхкуш а йоцчу тайпанара вилспет шена эца а, герз кечдан а, вен леринарг стенгахь веха хаа а, цунна ша стенгахь тIенислур ву зен а – ткъа иза хуьлийла дац.

Журналистийн-талламхойн аьтто баьлла Давыдовн кхин а цхьа паспорт довза. Оцу тIехь иза «Николаев Роман» ву. Праге а вахна иза оцу документаца 2015-чу шеран аьхка. Иза Праге вахханчу дийнахь оццу гIалахь хилла шайн паспорташ Оьрсийчоьнан базехь данне а доцу кхин а пхи стаг. Талламхой тешна бу, уьш а Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисера нах хилла бохучух.

Харц паспорташца хилла Нохчийчуьрчу тIамехь дакъалаьцна волу, ша Туркойчохь вуьйчу хенахь "Кавказ-центран" администратор лаьттина Эдильгериев АбдулвахIид вийначаьргахь а. Дуккха а ду, харц паспорташца цхьацца пачхьалкхашка а кхочуш, Оьрсийчуьрчу нцикъхоша нах хIаллакбеш хиларх тоьшаллаш.

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 7 стаг, цомгуш хилла - 434

7 стаг коронавирусах велла, кхин а 434 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь.

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо Мангал-беттан 30-чу дийнахь бинчу хаамца, Ставропол-махкахь а, Адыгейхь а, Краснодар-махкахь а шишша стаг велла тIаьххьарчу дийнахь-буса, Дагестанехь – цхьаъ.

Верриг а ун даьржичхьана схьа цунах Къилбаседа Кавказехь велла, официалан информацица, 774 вахархо.

Дийнахь-буса а, юхьанца дуьйна а тIеккхина терахьаш:

  • Ставропол-мохк +78 (5141)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 72 (3520)
  • Дагестан + 65 (7840)
  • Краснодар-мохк + 60 (5982)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 52 (5010)
  • Адыгей + 51 (1898)
  • ГIалгIайчоь + 27 (3047)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 22 (4006)
  • Нохчийчоь + 5 (1713)
  • ГIалмакхойчоь +2 (1483)
  • Ерриг а Къилбаседа Кавказехь цомгуш хилла коронавирусах 39 640 стаг. Оьрсийчоьнан юкъара терахь ду, официало гайтарца, 647 849. Даржахоша и хьал дузу легарш даран башхаллашца.

"Открытые медиа": Деклараце ца йоккхуш йитина петар ю Кадыровн доьзалан Москвахь

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хьал гойтучу деклараце язйина йоцу петар ю цуьнан доьзалан Москвахь. Оцу хьокъехь Мангал-беттан 29-чу дийнахь хаам бина "Открытые медиа" портало, Оьрсийчуьра бахам тидаме оьцучу Росреестр хьукматерчу шен хьосташна тIе а тевжаш.

Юьйцург ю Веерная, 2 цIа чуьра 153,6 квадрат-метр йолу №30 петар. Мах бу цуьнан 50 миллион гергга.

1997-чу шарахь "Президентан гIуллакхаш лелочу урхаллин" хIусамаш ечу хьукмато (Управление по эксплуатации жилого фонда "Управления делами президента") дина и цIа. 2000-чу шарахь оцу чохь петар елла таханлерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун дена Кадыров Ахьмадна. Цо 2002-чу шарахь шен долаяьккхина и петар. 1/8 дакъош кхаьчна хIетахь оцу чохь цуьнан зудчунна Айманина, шина йоIанна Зарганна а, Зулайна а, кIантанна Рамзанна а, цуьнан зудчунна Меднина а, йоIаршна Iайшатна а, Каринина а. 2004-чу шарахь да веллачул тIаьхьа, шен дакъа 2010-гIа шо тIекхаччалц долахь кхаьбна Кадыров Рамзана, ца гайтина и бахам шен хьолан декларацехь. 2010-чу шарахь массо а доьзалхоша шайн дакъош, хуйцу барт а беш, дIаделла Кадырова Айманина.

  • Веерная урам хьахош бу вийначу Оьрсийчуьрчу политикца Немцов Борисца доьзна айдина хиллачу бехктакхаман гIуллакхехь. №46 цIенна чувахана Немцов вийна цхьа сахьт ах сахьт даьлча Дадаев Заур (иза бехкевира кхело политик верна, набахтехь такха туьйхира 20 шо хан).
  • "Открытые медиа" портало бахарехь, Немцов верах йолчу талламчийн цхьана версино бахарехь, Веерная урамехь къайлабевлла Iийна зуламхой шаьш оппозиционер вийча.
  • Москвахь кхин, вуно еза петар ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун зудчун Кадырова Меднин долахь. "Воробьевы горы" олучу кIоштахь, тоьллачу меттехь, Мосфильмовская урамехь ю иза. Барам бу цуьнан 210 квадрат-метр. 2016 шарахь оцу петаран мах къастийна 200 миллион соьме кхоччуш.

Кадыров Рамзанан невцан, йишин майрачун, Нохчийчоьнан парламентан вице-спикеран Закриев Салманан а ю Москварчу "Соколиное гнездо" олучу меттехь шина гIаттах лаьтта пентхаус.

Ун бахьанехь юкъадаьхна дехкарш Нохчийчохь чIагIдийр ду бохург бакъ дац

Коронавирусца къовсам латтош юкъадаьхна дехкарш чIагIдийр дац. Иштта дIахьедар даржийна коронавирусна дуьхьалоечу мехкан оперативан штабан кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана оршоьтан дийнахь.

"Товбецан-беттан 5-чохь республикехь изоляци чIагIйийр ю бохург ас харцдо. Эладита ду иза. Эпидемин хьал дуьззина тергонехь ду. Дарбан хIусамаш шаьш даима бечу белхан хорша йоьрзуш ю", - аьлла Кадыровс шен инстаграм-каналехь тахана, Мангал-беттан 30-чохь Iуьйранна.

Цо бахарехь, Нохчийчохь COVID-19 уьнна дуьхьало ян хьажийна 2 миллиард 527 миллион сом ду федералан а, мехкан а бюджетера. Оцу ахчанах бухадисина 22%.

Кадыровс дийцарехь, хьалхалеррачу рожехь шен болх бо "Грозный" аэропорто. "Коронавирус яц аьлла, карахь кехат долу пассажираш парггIат дIасалела махкахула. Сан омрица кестта дуьйлалур ду цIерпошташ а, ма-хуьллу паргIатдоккхур ду республикан доза а", - дIахьедина цо.

  • Нохчийчохь Мангал-беттан 22-чу дийнахь юхаяьккхина изоляцин кеп. ПарггIат дIасабаха паргIат бу махкахь бахархой. Амма хьалха а санна, бихкина лаьтта мехкан чу-араволу некъаш.
  • Зазадоккху-бутт бовш юкъаяьккхира Нохчийчохь карантин. 300 эзар соьме кхаччалц гIуда тухура дехкарш лар ца дарна. "Низам дохийнарг вен догIура", элира цкъа Кадыровс.
  • Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу штабо оршоьтан дийнахь бинчу хаамца, 1708 вахархочух коронавирус хьакхаелла Нохчийчохь.

Бахьана а ца довзуьйтуш, изоляторехь латтаво 21 шо хан тоьхна нохчо

Набахтехь 21 шо токхуш волу Нохчийчоьнан вахархо Гадаев Беслан Коми махкара Владимир гIала вигина йисина хан такха. Амма ца хаийтина, хIун бахьана ду цуьнан, хаам бина "Кавказ.Реалиига" тутмакхан адвоката Чванова Юлияс.

Адвоката бахарехь, бахьана дацара Гадаев ша хан токхуш волчу набахтера дехьаваккха. "Яздина гойтуш документ а доцуш, деккъа схьааьлла тхоьга, цуьнан кхерамзалла лакхайоккхуш дина иза, амма хIун кхерам бара Бесланна, кхеташ дац, иза цхьаьнцце вац девнехь хилла. Набахтийн федералан урхаллера официалехь жоп кхачаре хьоьжу тхо", - боху Чвановас.

Амма Владимире дIакхачийна волу Гадаев Беслан цигарчу тутмакхийн №1 изоляторехь латтош ву низамо магочул а дукха. "Иза COVID-19 ун даржарца дузу, амма олуш дац, ун лелаш а долуш, стенна хьажийна стаг кхечу метте".

Владимире кхачийначу Гадаевс латкъам бина шен адвокате, набахтийн урхаллерчу белхахоша тIеIаткъам бо шена аьлла. Маж йошу урс шеца карийна аьлла, 15 денна таIзаран изолятор чу воьллина иза.

Украино 2007-чу шарахь Оьрсийчоьнан ФСБ-н каравелира Гадаев Беслан. Цо федералан эскаршна дуьхьал тIом бина аьлла яра ФСБ-н верси. Нах байарна, талораш дарна бехкевира иза, амма ша дина дареш шегара етташ даьхна, чIагIдора Гадаевс талламе а, кхеле а.

Къилбаседа Кавказехь 6 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, цомгуш хилла 476

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 6 стаг, цомгуш хилла 476.

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Дагестанера ву велла ши стаг, Ставропол-махкара, ГIалмакхойчуьра, ГIалгIайчуьра, ГIебарта-Балкхаройчуьра – цхьацца.

Дийнахь-буса а, юхьанца дуьйна кхиина долу а терахьаш:

Ставропол-махкахь дийнахь-буса цомгуш хилла 90, юхьанца схьа – 5063

  • Дагестан + 68 (7775)
  • Краснодар-мохк + 62 (5922)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 69 (3448)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 53 (4958)
  • Адыгей + 52 (1847)
  • ГIалгIайчоь + 25 (3020)
  • Къилбаседа ХIирийчоь+ 24 (3984)
  • ГIалмакхойчоь +19 (1481)
  • Нохчийчоь + 14 (1708)

Нохчий а, гIалгIай а орцахбевлла Жимачу АтагIара бер цамгарх хьалхадаккха

Исламов Султан, кинон, театран, эстрадин артист веана цомгуш волчу Жимчу АтагIарчу Iабдул-Малике хьажа

Ах шо ду даймахкара а, дозанал арахьарчу диаспорашкара а нохчий, гIалгIай Нохчийчуьрчу Шелан кIоштан Жимачу АтагIара Гачаев Iабдул-Малик дахарх ца хадийта, орцахбевлла хьийза.

Цхьа шо ах шо гергга хан йолу кIант ву дегI лоцучу, хенан йохалла Iожалле кхачочу цамгаро хьийзош – нервийн-дилхан атрофи.

БIе эзарнаш берашлахь наггахь бен хуьлуш йоцу и цамгар юхайоккхуш дац таханенна цхьа молха бен – Америкехь арахьоьцуш долу, дуьнентIехь уггаре деза ларало Zolgensma. Цкъа тухуш болчу оцу механ мах бу 2 миллион 200 эзар доллар гергга. Ткъа иза Нохчийчуьрчу Iабдул-Маликна ца тоьхча ца болу хан ю тIекхаьчна ларалуш.

Кху баттахь къаьсттина жигара хьийза бер даларх кIелхьардаккха Iалашо йолу нах-волонтераш. Цара Нохчийчохь, Казахстанехь, Европерчу мехкашкахь – нохчий а, гIалгIай а бехачу меттигашкахь доху орцанаш, хIиттадо некъан йистошца чу ахча таса гIутакхаш, дIасахьийсадо дехарш вайнах бех-бехачу меттигашка.

Социалан машанашкахь дуккха ю Гачаев Iабдул-Маликна гIо доьхуш хIиттийна посташ. Беран дас-нанас а, волонтераша а кху муьрехь бечу хаамца, гулдан аьтто баьлла нехан оьшучу ахчанаш ах. Уьш теша, шаьш ханна тIаьхьа ца дуьсуш, цомгашчунна дарба дан оьшу ахча гулдийриг хиларх.

Маршо Радионо хьалхо тергонехь латтийра нервийн-дилхан атрофи йолчу ХIирийчуьрчу Персаева Арнеллина Оьрсийчуьрчу могIарчу бахархоша а, бевзаш болчу артисташа а, футболхоша а, бизнесменаша а гIодеш дIаяьхьина акцеш.

Керла авиарейс ю схьайоьллуш "Соьлжа-ГIала - Новосибирск"

S7 авиакомпанино Товбеца-беттан 13-чу дийнахь дуьйна юкъайоккхур ю кIиранах цкъа Соьлж-ГIалара Новосибирске лелачу кеман рейс. Иштта хаам бина Нохчийчуьрчу аэропортан директора Шахгириев Iаьлвис.

"Оцу компанино латтор ду Москва лела кема а. Йоккха аэропорт хир Соьлжа-ГIалахь, массо тайпа кеманаша дIасалелор ву шарахь 1,5 миллион пассажир. Цунна кечдала деза тхо – кхион еза пассажирийн дукхалла, схьаелла еза керла рейсаш, шоръян еза географи ", - аьлла Шахгириевс ТАСС агенталле.

Аэропортан директора бахарехь, Европе рейс еллар дуьйцуш ду карарчу муьрехь: "Цигахь дукха бу нохчий, 300 эзар гергга. И рейс вуно оьшуш хир ю".

  • " Транспортан инфраструктура кхиор" цIе йолчу федералан программин декъа яхийтина Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь керла терминал йилла йолу Iалашо – цунна хьажор ду 4 миллиард 700 миллион сом. Аэропортан инфраструктурина оьшур долу кхин а 9 миллиард сом шена хиларе а сатуьйсу Нохчийчуьрчу Iедало.
  • Къилбаседа Кавказерчу аэропорташлахь уггаре кIезиг нах богIу-боьлху аэропорт ю Соьлжа-ГIаларниг: 2019-чу шарахь 100 000 кхочуш турист бен дIаса ца вигина цо. Бахьанашлахь ду кеманашца бен некъ сов беза хилар, аэропортан белхахошкара юьйлу шогалла, кхидолу а хьелаш ледара хилар.
  • Наханна оьшуш а ца хилла, юкъахйисира Соьлжа-ГIалара Оьрсийчоьнан цхьацца гIаланашка йоьлху рейсаш. Масала, ХIинжа-ГIалара, БуьритIера гIуьттучу кеманаша дIалакъийра Нохчийчуьра Петербурге лела рейс. Дасецна Соче лела кема, ГIирме лелар ду баьхна кема а дисина гIаттанза. 20I7-чу шарахь хир ю баьхна Казане лела кема а ду доцуш. Сацийна Мюнхене лела доьлла кема а.

Трамп: Американ эскархой байъинчу тIалибашна Оьрсийчоьно ахча лора бохург бакъ ца до талламчаша

ТIалибашка мехах зуламаш дайта барт хилла Оьрсийчоьнан бохург бух болуш информаци яц аьлла хета Американ къайлахчу сервисна, цундела цо иза ца кхачийна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенте а, вице-президенте а. Иштта яздина президента Трамп Доналда шен твиттерехь кIиранан буса.

Хьалхо The New York Times газето хаам баржийра, Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисна тIе а тевжаш, ОвхIанистанехь Американ эскархой баъарна Москвано ахча луш хилла тIалибашна, аьлла. Амма Мангал-беттан 28-чу дийнахь КIайчу ЦIийно дIахьедира, оцу хьокъехь къайлахчу сервисо бина бац хаам я президенте Доналд Трампе а, я вице-президенте Пенс Майке, аьлла.

«Оьрсийчоьнца боьзна кхин цхьа аьшпаш» цIе тиллина Трампа New York Times-о арахецначу хаамна. Президента бахарехь, фейк-хаамашца "республикан партера нах Iовдалш хетийта" гIерта газета.

Цунах тера хьажам бу газетан хааме Оьрсийчоьнан дипломатин министраллехь а. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Оьрсийчоьнан векалто дийцарехь, журналисташа яздинарг бахьана долуш, кхерамаш тийса болийна Штаташкарчу цуьнан белхахошна.

"ТIалибано" а харцбина, Американ эскархой байъийта гIерташ лелла Оьрсийчоь, аьлла баьржина хаам.

  • Чиллан-беттан 29-чу дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, "Талибано"а куьйгаш яздина машар бечу документашна кIел. Цаьрца а догIуш, Штатийн эскарш арадевр ду ОвхIанистанера 14 батта чохь. ТIалибаша шайн агIор чIагIойина шаьш доладечу кIошташкахь террорхошна Iойла ца йита а, пачхьалкхарчу Iедалца бертан къамелаш дIадахьа а.
  • Зазадоккху-баттахь долийра ОвхIанистанера Американ эскарш арадаха. Нагахь санна тIалибаша барт боха ца бахь, 10 бутт баьлча мукъа хир ду овхIанхойн латта Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарех.

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах кхелхина 8 дархо, ун даьлла 484 стагана

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь кхелхина 8 коронавирусан ун даьлла стаг, инфекци яьлла кхин а 484 стагана. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставрополан махкахь а велла шишша дархо, Краснодаран кIоштахь а, Нохчийчохь а цхьацца велла.

Верриг ун даьржичхьана велла Къилбаседа Кавказехь 761 COVID-19 вирус кхетта стаг.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 98.

Ставрополан кIоштахь +98 (4 973 эпидеми чуеачхьана)
Кхарачой-Чергазийчохь + 74 (3 379)
Дагестанехь + 71 (7 707)
Краснодаран кIоштахь + 59 (5 860)
ГIебарта-Балкхаройчохь + 54 (4 905)
Адыгейхь + 49 (1 795)
Къилбаседа ХIирийчохь + 25 (3 960)
ГIалмакхойчохь + 20 (1 462)
ГIалгIайчохь + 17 (2 995)
Нохчийчохь + 17(1 694)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь цомгаш хиллера 37 328 вахархо. Оперативан штабан статистикаца, Оьрсийчохь COVID-19 вирус къаьстина 634 437 вахархочух.

Еллачу Умаева Мадинех сюжет яьккхинчу корреспонденто латкъамбина, ша хьийзош ву аьлла

Саратова Хеда а, Умаева Мадини нана а

Гуьмсерчу 23 шо долчу жимачу зудчун Умаева Мадинин кхалхарх лаьцна репортаж йинчу ЧГТРК "Грозный" телеканалан корреспонденто Батукаев Хьамзата латкъамаш бина социалан машанехь, ша хьийзош ву аьлла. Инстаграмерчу шен аккаунтехь пост хIоттийна цо цу хьокъехь.

Иштта, цхьа могIа вон комментареш язйира бакъонашларъярхочо Саратова Хедас шен инстаграмерчу агIонехь хIоттийначу видеона бухахь а. Цу тIехь Батукаевс интервью ю оьцуш еллачун ненера Довлетмирзаева Хутматера. Бахархоша бехкаш даьхна корреспондентера, "товш доцучу кепехь" зудчуьнца дина къамел бахьанехь.

"Билггал хьийзо ваьккхинера со. Балхаца ларош вацара со царна жоп дала. Со инстаграм чу мел волу гора суна бIеннашкахь сайга язйина комментареш. Сан цIерачарна а гина уьш, сан нанна а гинера, оцу тIехула вон хиллера цунна", - дуьйцу Батукаевс шен агIонехь.

"Хьан доьзале кхочийла цу тайпаниг, Довлетмирзаева Хутматехь долчу хьоле воккхийла хьо, цуьнгара бала кхетийла хьох бохуш, яздора соьга", -дуьйцу Батукаевс.

ДовлетмирзаевгIеран цIахь дIаязйина корреспонденто видео, цо бахарехь, уьш шена къинтIера баха веана иза, нагахь санна, гIиллакхах ша воьхна меттиг нисбеллехь.

Видео тIехь Батукаевна уллохь ю Довлетмирзаева а, цуьнан ши йиша а, ваша а. Цара массара а боху, шайн цуьнгара баккха бехк а бац, "Грозный" телеканалан белхахо шайца нийсонца ца хилла олийла а дац.

Шен йоI йийна ю бохуш, информаци ма яржаяхьара доьху еллачун нанас, ткъа цуьнан вашас сардам боьллина уьш яржочарна.

Кху беттан 12-чохь елла карийра 23 шо долу кхаа беран нана Умаева Мадина Гуьмсехь ша марехь ехачу хIусамехь. Ненан тIедожорца а, Талламан комитетан пурбанца а жимачу зудчун дакъа юха хьала а даьккхина, экспертизаш йира. Нанас дIахьединера, шен йоьIан дегIа тIехь чов а яра, цуьнан марчо цIийх дуьзна а дара аьлла. Цундела иза йийна аьлла, шеконаш ю шен аьллера Довлетмирзаевас.

Гуьмсехь шина а агIонан нах вовшахтоьхначу Кадыровс дIахьедира, йоI йийна алла цхьана а кепара тоьшаллаш дац Довлетмирзаеван аьлла.

Мехкан куьйгалхочо хуьлуш хIума ду элира, доьзалехь тохар а, Iоттар а.
"Марехь девнаш а хуьлу, къийсамаш а хуьлу, майрчо тухуш а хуьлу", - аьлла, дIахьедира Кадыровс. Цунна хьалха а шена гечдар дийхира Умаева Мадинин нанас.

Дуьненчохь коронавирусан ун даьллачийн терахь 10 миллионе даьлла

Дуьненчохь коронавирусан ун даьлла нах 10 миллионе гIоьртина. Эпидеми яьржичхьана велла 500 эзар стаг. Къаьсттина дукха бу COVID-19 вирус кхетта нах Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь - 2,5 миллион сов ву ун токхург. 128 эзар пациент кхелхина.

Ун даьлла нах алсам хиларца шолгIачу меттигехь ю Бразили. 1 миллион 300 эзар ву цигахь COVID-19 вирус кхетта.

КхоалгIачу меттигехь ю Оьрсийчоь - 634 эзар дархо ву пачхьалкхехь цомгаш. Эпидеми чуеачхьана кхелхина 9 073 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирус къаьстина 6 791 стагаца. Велла 104 дархо.

Вирусах мел велларг вац Оьрсийчоьнан Iедалша коронавирусах беллачийн статистике язвеш. Валаран коьрта бахьана- COVID-19 инфекци ерг бен ца воккху цу статистике.

Федералан штабан зераш дукха хьолахь цхьана ца догIу регионало дIахьедечуьнца. Штабо Iорадоху терахьаш масийттаза лахара хуьлу Росттато а, регионаша а дIакхкайкхочул а. Дагардар кеп-кепарчу методикашца хиларна нисло иштта аьлла, кхетаво Iедалхоша цунах.

Нохчийчохь кхин а цхьаъ велла коронавирусан уьнах

Нохчийчохь коронавирусан инфекцех кхин цхьа стаг велла аьлла, хаам бина мехкан могашалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана.

ТIаьххьарчу хаамца, 3 826 пациент ву лоьраша магашалла зуьйш Нохчийчохь. COVID-19 вирус кхетта ву 1 677 дархо. Товелла, карантинера дIаваьккхина 1 181 стаг. Верриг цу уьнах кхелхина Нохчийчохь 22 дархо.

Министро юха а кхайкхам бина меттигерчу бахархошка, масканаш лелоран а, социалан дистанци ларъяран а, кхин долу санитаран хьелаш Iалашдаран а мехаллех лаьцна.

Нохчийчохь еллачу Умаева Мадинин нанас къинтIера баьхна шена цуьнан марзой

Еллачу Умаева Мадинин нана Довлетмирзаева Хутмат

Кху беттан 12-чохь марзойн хIусамехь еллачу Умаева Мадинин нанас Довлетмирзаева Хутмата шен невце Хамидов Висхьаьжига шена гечдар дехна. Видео зорбане яьккхина "Чечня Сегодня" агенталло.

Хамидовна а, цуьнан гергарчарна а хьалха бехказайийлина зуда, шен йоI цуьнан хIусамдас йийна, ткъа цуьнан наха зулам къайладаьхьна аьлла, шеконаш кхоллаяларна

"Шуьга массаьрга а сайна гечдар деха еана со. ШайтIано Iехийнера со, эдадиташка ла а дийгIина", - боху йоьIана нанас, ХамидовгIеран кертахь.

"Тхо девлла-кх хьуна къинтIера, Дела а волийла хьуна къинтIера", - жоп ло цунна Хамидов Висхьаьжин нанас.

Довлетмирзаевга хоьтту, хьан аьллера хьоьга йоьIан дакъа хьаладаккхийта. Вукхо жоп ло: "Массара а бехира". "Вай бертахь хир ду, вайн берийн бераш ду, церан терго ян еза вай", - олий, тIетуху Довлетмизаевас. Церан кертара арайолуш, мара кхета Хутмат.

Билгалдаккха догIу, Хамидов Висхьаьжа хиина вара шен хиллачу стунананна хьалха. Нохчийн гIиллакхашца стунанна йолчахь охьахууш дац невцан.

23 шо долчу Умаева Мадинина эксгумаци яйтира талламан комитетан сацамца а, йоьIана ненан тIедилларца а. Довлетмирзаева Хутматна хаа лиира, мича бахьанашца елла шен йоI, иза дIайоллар сихдарна. Буьйсанна юккъехь дIайоьллина хиллера иза. Дийнахь жимачу зудчун дов даьллера шен майрачуьнца, берийн ахчанах цо телевизор эцарна, яздора хаамашкахь.

Еллачух бинчу талламийн жамIаш дерриш а кийча дац хIинца а. ЧГТРК "Грозный" телевизионан эфирехь дийцарехь, цуьнан дегIахь хьоьвсинчу паталогоанатомашна бертаза йийна хиларан ларш ца карийна.

Ткъа дIайоьллина йоI хьалаяьккхинчул тIаьхьа нанас дIахьединера, дегIаца чов а яра шен йоIан, марчонна тIехь цIий а дара аьлла.

Гуьмсехь шина а агIонан нах вовшахтоьхначу Кадыровс дIахьедира, йоI йийна алла цхьана а кепара тоьшаллаш дац аьлла.

Мехкан куьйгалхочо хуьлуш хIума ду элира, доьзалехь тохар а, Iоттар а.
"Марехь девнаш а хуьлу, къийсамаш а хуьлу, майрчо тухуш а хуьлу", - аьлла, дIахьедира Кадыровс. Цунна хьалха а шена гечдар дийхира Умаева Мадинин нанас.

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах велла 8 дархо, ун даьлла 517 стагана

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 8 дархо. Инфекци къаьстина 517 стагаца.

Коронавирусан ун ца даржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь а шишша стаг велла уьнах тIаьххьарчу дийнахь а, буса а. ГIебарта - Балкхарочйохь цхьацца велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун чудеачхьана велла COVID-19 вирусах 753 дархо.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьстарца, дукха бу лазаршца Ставрополан кIоштахь - 104.

Ставрополан кIоштахь +104 (4 875 ву эпидеми яьржичхьана)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 84 (3 305)
Дагестанехь + 75 (7 636)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 60 (4 851)
Краснодаран махкахь + 58 (5 801)
Адыгейхь + 34 (1 746)
ГIалгIайчохь + 32 (2 978)
ГIалмакхойчохь +32 (1 442)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 25 (3 935)
Нохчийчохь + 13 (1 677)

Къилбаседа Кавказехь ун къаьстира ву 36 844 стаг.
Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь ву коронавирусан инфекцица 627 646 стаг.

Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь машенна герзаш диттина. Цхьаъ вийна

Иллюстративан сурт

Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а административан дозанехь виъ стаг чохь волчу машенна герзаш диттина. 22 шо долу жимстаг велла, кхоъ дарбан цIийне кхачийна. Мехкан чоьхьарчу гIуллккхийн министралло бина цунах лаьцна хаам.

"Цхьана тобана юкъахь доладелла хилла дов герзаш деттаре дирзина. Карарчу хенахь хууш ду хьенан карах хилла ду зулам. Оцу конфликтан массо а декъахо лаьцна", - аьлла урхаллехь.

"Кавказ.Реалиин" хьостано бахарехь, "Старый замок" ресторанна гена доццучохь хилла ду и зулам. Декхарна тIехула доладелла хилла дов. Полицино талла долийна гIуллакх.

Карарчу беттан 16-чохь а цхьана хилира Наьсарахь меттигерчу бахархойн шина тобана юкъахь герзаш деттар. Виъ стаг вийра, дарбан хIусаме вигира кеп-кепарчу учевнашца хилла кхоъ. Вийна кхоъ вовшашца гергарлонашкахь хилла, латтана тIехула йолаелла хилла конфликт.

Нохчийчохь тоько вийна кхо шо долу кIант

Кхо шо долу шайн доьзалхо велла карийна шайн кертахь Нохчийчуьрчу дена а, нанна а, яздо МК (Московский комсомолец) хьостано. Дийцарехь, тоьках зулам даьлла цунна.

Невран кIоштарчу Талламан комитетан декъан белхахоша талларца, кху беттан 25-чохь йоццачу ханна шен ден а, ненан а тергонера ваьллачу кIанта розетки чу шуруп йоьллина хилла. Тоько цIераш тоьхна, оцу мIаьргонехь вийна кхо шо долу кIант.

Талламчаша гIуллакх зуьйш ду кхин дIа а.

Туркойчохь кхин а 121 стагана велла дIаваллалц набахтехь яккха хенаш тоьхна

Белла дIабовллац набахтехь яккха хенаш тоьхна Хонкарарчу кхело 2016-чу шарахь Iедал карчон гIоьртинчу 121 стагана, хаам бина пачхьалкхан Анадолу агенталло. "Шогачу хьелашкахь" хан йоккхур ю 86 стага, уьш конституци йохо гIортарна. Изза сацам бина вукху 35 вахархочун хьокъехь а, амма юкъарчу хьелашкахь латтор болуш бу уьш. 121 стаг бехкевина Хонкарарчу жандармерин штабана тIелатарна а, Iедална карчам бан гIортарна а.

ТаIзар кхайкхийначарех цхьана полконикана велла дIаваллалц шогачу хьелашкахь яккха исс хан кхайкхийна цо "стаг верна". Цунна бехке диллина, полицин антитерроран декъан командир а, цуьнан хадархо а вен кхайкхор.

Полковникана гIоле хилира къизачу чевнех, ткъа цуьнан хадархо велира.

Белла дIабовллалц набахтешкахь яккха хенаш тоьхна пачхьалкхехь путч ян гIортарна 1 934 стагана.

Туркойчоьнан Iедало 6000 стаг лаьцна шаьш аьлла, дIахьедира, махкахь карчамбан гIортарна бехкевеш. Пачхьалкхан хьукматаш кхидIа а «уьнах цIанйийр» ю, аьллера Истамулехь тезетахь къамелдеш президенто Эрдоган Тайипа.

Америкехь тховкIелонехь веха оппозиционер-Iеламча Гюлен ФетхуллахI карчам кечбинарг лору туркойн Iедало.

Лецна махкахь 50 инарла а, лаккхара эпсар а. «ЦIанонан операци» ю дIахьош, аьлла оцу хьокъехь юстицин министро Боздага Бекира. 245 стаг велла карчамхойх а, царна дуьхьаллаьттинчерах а, боху Iедалхоша.

Кхаа баттахь болх а бина, дарж охьадиллина ГIалгIайчоьнан финансийн министро

ГIалгIайчоь

ГIалгIайчохь финансийн министран декхарш кхочушдечу Плиева Лианас шен лаамехь дарж охьадуьллуш кехат яздина, хаам бина пIераскан дийнахь "Интерфакс-Юг" агенталло, шайн хьостан информацица.

"Финансийн урхаллан куьйгаллера дIаяла лаам хилла Плиеван. Кехат чуделла цо мехкан урхалле. Суна хетарехь, куьйгалхочо куьг таIийна цуьнан дехарна тIе", - дийцина агентелле.

Кху шеран Охан-беттан юьххьехь хIоттийнера Плиева Лиана ханна министран декхарш кхочушдан.

  • Хьалхо финансийн министр лаьттинчу Цечоев Русланна набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхийра, федералан бюджетера 2 миллиард сом ахча дайъина аьлла.

Къилбаседа Кавказ: 7 дархо велла, 461 стагана ун даьлла

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусах кхелхина 7 дархо, ун даьлла кхин а 461 вахархочунна. Оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла кхо стаг, Краснодаран кIоштахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Ставрополан кIоштахь а цхьацца велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь кхелхина COVID-19 вирусах 745 стаг.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 76:

  • Ставрополан кIошт +76 (4 771 ву эпидеми яржичхьана)
  • Дагестанехь + 73 (7 561)
  • Кхарачой-Чергазийчохь + 72 (3 221)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 65 (4 791)
  • Краснодаран махкахь + 60 (5 743)
  • ГIалгIайчохь + 30 (2 946)
  • Адыгейхь + 30 (1 712)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 27 (3 910)
  • ГIалмакхойчохь+18 (1 410)
  • Нохчийчохь + 10 (1 664)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун даьлла ву 36 327. Оперативан штабан информацица ерриг а Оьрсийчохь 620 794 дархо ву коронавирусаца.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG