ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь бомбанаш етташ маьрша адамаш дайар емал дина Бан Ки Муна а, НАТО-но


НАТО-на юкъайогIучу пачхьалкхаша а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин куьйгалхочо а, емал дина Чиллан-беттан 15-чу дийнахь Шемахь, иттаннаш адамаш а дойуш, дарбанан хIусамашна а, школашна а бомбанаш тохар. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино дийцарехь 50 гергга стаг вийна пхеа дарбанан хIусамна а, шина школана а бомбанаш а тоьхна Шеман Къилбаседехь.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин куьйгалхочо Бан Ки Муна емал дина адамаш дайар, иза кIоршаме дуьненаюкъараллан низамаш талхор ду аьлла. Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Францино а вуно кIоршаме емал дина, 50 маьрша вахархо а вуьш, Шемарчу гIаттамхоша Iуналла дечу гIаланашка бомбанаш еттар. Туркойчоьно цунна бехке йина Оьрсийчоь. Кремло шен бехк хилар тIецадуьту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG