ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий Шема хьийсорна кхеле озийна имам


Австрерчу Грац гIалахь йолийначу нехан тидам тIебахначу кхело бехкево цигарчу маьждиган имам а, цо Шемарчу тIаме хьажийна нохчо а.

Тамашийна ю Грацерчу коьртачу кхелан кхерчахь дIахьош йолу процесс масех бахьанца. Цкъа делахь, Австрехь дуьххьара кхеле озийна ша ДаIишех хилла а воцуш, амма иттанаш бусулба кегирхой шен даIаваташца радикалечу исламе а берзош, уьш Шема тIаме хьежорна бехке веш волу имам а, цуьнан пурбанца ДаIишехь зуламаш лелийна жимстаг а.

ШозлагIа делахь кхелан тамашийна хилар – цу процессехь прокурор а, кхелахой а, адвокаташа а, ур-аталла кест-кеста кхелахошна тIечехаш волу Шемара юхавирзина террорхо ларалуш верг а – уш берриш а эмоцех буьззина бу, кеста-кеста вовшашца вербалан къийсамашка боьрзу, ткъа юкъ-кара цара вовшашца дохучу девнашна кхел тергалйеш болу журналисташ а, хьовсархой а хуьлуш лаьттачунна тIаьхьа ца кхуьуш, цецбовлий Iа.

Бехкебечийн гIентахь ши стаг ву. Цхьаъ 34 шо Мирсад О. ву. И Мирсад О. Венерчу шозлагIчу кIоштахь хийла нохчийн а, кхечу къаьмнех а болу наной белхийначу Алтун цIе йолчу маьждиган имам ву.

ТIаьхьарчу масех шарахь цу маьждиге иха буьйлабеллачу кегирхойн зомби кепара цхьа адамийн гIаларташ хуьлуш тергал дан йиш яра Венехь бехачу бусулбачийн а, ур-аталла Iедалхойн а, хIунда аьлча и кегирхой доккхачу декъехь цу Мирсадан хьехамашка ладегIаро дуьненан хIумнах дIа а хадабой, уггаре а консервативечу хьежамашка бовлуш бара, радикалан хьежамаш бен динехь тIе а ца буьтуш, ткъа шайна а, шайн шейх шаьш лоручу Мирсада а бохург бен ислам дин а ца лоруш.

Ткъа Мирсада царна хьоьхург доккхачу декъехь джихад дара, герзаца деш долу джихад, копаршна а, муртадашна а дуьхьал деш долу.

Масала, шен цхьана хьехамехь Мирсада Ал-Къаидо арсаш хьоькхуш нах байъарна комментари еш дуьйцу кегирхошна, адамана хьалал урс хьакхаран бакъонех лаьцна.

„Ахь уьстагI я бежан дуьйш урс дикка ирдан хьо декхарийлахь ма-хиллара, декхарийлахь ву хьо, айха адам дуьйчу хенахь а урс кхоччуш ира хилийта“ боху цуо. „Цкъа хьалха даьIахкан тIум хадайо ахь, тIаккха шаьлтаца корта боккху ахь“, - иштта Iамабо имамо кегирхой, шайна юккъехь кхиазхой а болуш, адаман корта баккхаран говзалла.

Тамаша а бац тIаккха, цу Iелиман хьехамаша ира-кара хIиттийна болу кегирхой иттанашкахь Шемарчу тIаме дIаихар, цигахь уьш ДаIишан могIаршлахь шайн къизаллашца гIарбовлар а. Ишттачех лору Грацерчу кхело шозлагIа бехкевешверг, 28 шо долу Мухьарбек.

Венехь а, Грацехь а ваьхна волу и жимстаг 2013-чу шарахь Мирсадан тIеIаткъам бахьана долуш Шема а вахана, цигахь цхьана шарахь герга цкъа хьалха Джейш алМухажирин валь Ансар тобанца, цул тIаьхьа ДаIишца тIемаш барна а, маьршачу нахана дуьхьал къизаллаш лелорна а бехке веш ву прокуратурано.

Мухьарбека дацаре деш а дац, ша Шемахь хилар, хIунда аьлча цу хIуманна дукха тоьшаллаш Iедалхошкахь хиларна. Амма цуо шена тIера дIатоьтту, ша ДаIишехь хилла бохург.

Кхелехь теш санна вистхила кхайкхинчу Мухьарбекан воккхах волу ваша Iалихан а ву и кIант бехке ца хиларх тешна.

Цо боху, шен вешина харц цIе кхоьллина, цуьнан иза Шема вахар бен кхин цхьа а бехк бац, ткъа ша цига дIакхаьчча цигахь доллург шена гинчул тIаьхьа шен ваша ведда цIаван гIерташ хилла йоллучу хенахь, бохуш.

Iалихан: „Сан ваша бехке хиларна цхьа а тоьшалла дац. Иза цига дIакхаьча, цигахь тIеетташ гина, кхеравелла оцу сохьта юхаван гIерташ хилла. Амма цуьнгара паспорт цигахь бухахь хиллачара дIадаьккхина хилар бахьана долуш цуьнан цигара дIаваха ка ца долуш хилла“.

Бакъду, цо ша Шемахь волчу хенахь Мирсаде телефон а етташ дийцинарг, ткъа Мирсадна тIехь къайлах таллам беш хиллачу Iедалхоша дIаяздинчу къамелаша кхин тоьшаллаш до. Иштта, масала, цхьана къамелехь цуо сонталлийца цхьана тIамехь шен пхенашкара цIий кхехкаш дара, дукха чIогIа ша и кафирш байъа хьаьгна хиларна, хьогалла яр шегахь уьш хIаллакбан боху цуо.

Вукху къамелехь цуо дуьйцу, шена чов а хилла, ша Туркойн дозанна тIе ваьккхича, цигарчу ЦIечу ЖIаран лоьраш ша лоьрийн цIийна кхачорах лаьцна. „Ахи, цхьа лорйиша яра царна юккъехь, кIай а йолуш, австрихо яра иза“, - боху цуо.

Мирсада боху, ахи, ахь цунах хьайн лай йирий? Йира боху Мухьарбека, цул тIаьхьа инзаре маьттаза хIумнаш дуьйцу цу шиммо цу йоIах лаьцна, Мухьарбека ша цуьнца мел дан кечдина маьттаза хIума шен шейхе охьадагар а деш.

Ший а самукъадаьлла воьлу тIаккха, Делан дош даржош ву ша бохуш волу имам а, Делан дош дIахIоттош ву ша бохуш волу тIемло а.

Кхин а башха ю цу шина жимчу стаго вовшашца телефонехула къамелаш даран кеп. Салам деллачул тIаьхьа, Мирсада хоьтту Мухьарбеке, ахи, хьуна со дукхавезий бохуш, ткъа Мухарбека къайлене воьлу цунна дуьхьал.

И дерриге а, ткъа иштта цу шиммо лерина ларалучу зуламийн деталаш а, иттанаш тешийн тIекхайкхарш а ладогIа йиш ю оршот дийнахь дуьйна Грацехь дIайоьдучу кхелехь.

Цул совнаха, еари дийнахь шен болх дIахьур бу ши кIира хьалха террорхошца зIенехь хиларна я цу хьокъехь харц тоьшаллаш дарна 8 нохчочунна тIехь оццу Грацехь ечу кхело а.

XS
SM
MD
LG