ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шемара нах махках къехкориг Оьрсийчоь ю"


28 пачхьалкхан ницкъех лаьттачу Атлантикан тIеман альянсан коьртачу буьйранчас, Iамеркан эскарийн лаккхарчу инарлас Бридлав Филипа дIахьедина, Оьрсийчоьной, Шемин куьйгаллой тIамах уьдучу мискачу нехан баланах Малхбаленна дуьхьалхIоттаден герз дина аьлла. Кремлой, диктаторо Асад Башарий махкахь латточу тIеман Iазапах уьдуш, Европе гIерта бIеннаш эзарнашкахь шемахой, ткъа уьш таро елахь а, яцахь а тIеэца декхаре южу Европа.

И хьал ма-хуьллу дестош ю Кремл, элира Бридлава Цхьанатоьхначу Штатийн Сенатехь къамелдеш шинарийдийнахь. Бехкедийриг ду Оьрсийчоьно хьийсочу кеманаша бен-башха а доцуш шемахошна тIе бомбанаш а етташ, уьш мухIажирийн могIаршка кхийсар. «Оцу хотIо боккха Iаткъамбо мигранташ шайн мехкашка хьалхинчу европахошна» - бохура НАТО-н коьртачу буьйранчас Бридлав Филипа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG