ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яздархочух дозалла ца до хIинца...


Яздархочун де тергамза дисарна,тамаше а хеталуш,хеттарш дуккха а кхоллало. Коьртачарех цхьаъ хIара ду. Дуьненахь дукхахйолу искусствош исбаьхьаллин литературах йозаелла йоллушехь, масала кино,театр, опера, балет, цирк … тидам боцуш стенна дуьсуш ду яздархочун де?

Цунна жоп дала гIоьртина Теркйист кIоштера дешан говзанча Хажмурадов Iаьйнди. Цунна хетарехь, яздархо Оьрсийчохь а,цуьнан регионашкахь а цхьа дIатеттина йитинчу хIуманах тера юьстах латтош ву,юкъаралло цкъачунна хьашт-дезаре ерзош яц цо карлайоху синмехаллаш а,тидамза дуьтуш ду,заманан йохаллехь вайнахана лераме хилла гIиллакх-Iадаташ а. Iаьйнди ву вистхуьлуш.

Хажмурадов: «Хьалдолчу наха маьждигаш до. Тхуна юххехь ду ишта дина цхьаъ. Даьсса лаьтташ ду-кх иза. Чувоьдуш хIара ву ала стаг а воцуш. И маьждиг а юкъараллина оьшуш ца хилча. Айдамиров Абузаран кхолларалла а,Ахмадов Мусан кхолларалла оьшуш ца хилча,кхечернаш оьшуш цахилча,яздархо цхьа гIийлачу меттехь лаьтташ санна,дIатеттина латтош санна хеталдо-кх. Вайн яздархоша вон мА ца яздо. Ца хаьа-кх церан сий дан.

Дика яздийраш дукха ма бу. Схьаэцахь Бадуев СаьIид . И санна воккха,похIме яздархо ван а вац. Хилла а вац. Кхин хIумма а ца хилча,цхьа хIоккхул жима дийцар ду-кх цуьнан «ГIу» цIе йолуш. Хьажахь цу тIехь цуо хIоттош йолу проблема! «Нохчий,аш нагахь санна шайна юкъара гIиллакх дIадоккхий,мардений несаний юкъахь долу гIиллакх, дений кIантаний юкъахь долу гIиллакх… оцу гIуча гIур душ у боху цо нагахь аш и юкъаметтиг лар ца яхь…»

ХIун меттиг дIалаца йогIу яздархочо дахарехь? Мел маьрша ву иза шен дог –ойла, хьажам Iорабаккхарехь? Шен турпалхойн васташкахула ша деза а, перза а лоруш, чIагIдийриг а,дахарехь цо лелориг а цхьаьна дан дезий те ,морзахе а доцуш? Цу а ,кхечу хеттаршна жоьпаш каро со хилла Новр кIоштан Рубежни юьртахь хьахархо,байтанча Цуцаев Iалавди вехачу хIусамехь. Цига кхачаран жамI ду тхойшиннан къамел.

Цуцаев: « Уггар хьалха яздархо боху кхетам къастор бу вай. Бакъ волу яздархо мила ву. Ас ишта эр дара:

« Яздархо хуьлуш вац яздора аьлла, я поэт ловзаярх рифманаш цо,

Поэзи бIаьрхи ду, ша-шаха даьлла, я синан мох бу и кийрара баьлла,

Къийлар и ца лайна,тухуш даго».

Бакъволу поэт-яздархо суна ишта го. И санна болчеран юкъаралло лаккхара сий дан догIу, соьга хаьттича. Шен синметтехь халкъ латтийначу эвлаяийн тIегIанахь нах бу ишта похIма долу яздархой. Ас цхьа масал далор дара.

Бексултанов Мусан « Терза» цIе йолу дийцар дар-кх. Кхин дIоггара дешна а воцчу сан воккхах волчу вашас еххачу хенахь шеца лелош дара и дийцар тIехь долу журнал.Цо буха къоламашца сизнаш а хьекхна дара и дийцар.»

Жайна санна лелош ду-кх ас хIара дийцар, - олура цо - ХIара санна болчу нахе дIадала мегар дар-кх Iедал! МаслаIатан дай а хIара санна болу нах хIитто мегар дар-кх!»

Хьажал, бакъволчу яздархочун мах хадош хийтира суна и дешнаш. Вашас шен нийсархой чу баьхкича а цу тIера масалш а далош,дора къамел. Яздархочо дIалаца йогIу меттиг тоххарехь Мамакаев Мохьмада а къастийна ма ю.

Цхьажимма бен меттахдаьлла доцу хIума а,сица доьзна делахь а,я юкъаметтигех доьзна делахь а уьш а лацалуш,цунах дешархо цец а волуш, кхокханан горга бIаьрг хIун дайна сецна а хууш, дIо-о попан сийна гIа хIун дуьйцуш леста а хууш, экаме хила веза дахарца яздархо. Сема чIогIа хила веза иза,цхьаннах а возавеллла хила а ца вогIу бакъволу яздархо. Цо шен дегайозанца яздо.

Бакъду тахана яздархо ледарчу хьелашкахь ву,къаьсттина нохчийн маттахь яздеш берш.Уьш мел чIогIа яздеш белахь а нагахь цаьргахь адамаллин тIум, сема яцахь,цуьнан корматалла тIаьхьло йолуш хир яц. Бакълена а похIма долуш волу яздархо шена хетарг дIаала маьрша ву аьлла хета суна-м. Стенна аьлча шен ойла,хьажам, хетарг дIадовзийта цунна кеп а, некъ а карор бу…

Исбаьхьаллин литературах а,яздархочу корматаллах а,нохчийн матах а къамел дина Цуцаев Iалавди тешна ву урхаллехь болчаьргара дуьйна охьа,дай-наной биста кхаччалц, юкъараллин массо чкъор-декъашхой, цхьаьна дIа а божабелла, дезаре ерзо еза къоман литература а.ненан массо чкъор-декъашхой, цхьаьна дIа а божабелла,хьашт –дезаре ерзо еза къоман литература а.ненан мотт а аьлла.

XS
SM
MD
LG