ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь машар лехаран барам болийна Женевехь


Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино Женевехь рогIера бертан дийцарш айдина Шемин президентан Асаданний, цигарчу гIаттамхойнний агIонашна юкъахь. Махкарчу режимой, оппозициной вовшаца халла ларбеш схьабахьа машар чIагIбархьама долийна и дийцарш.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн юкъарлонан леринчу векало де Мистура Стеффана журналисташца къамелдеш элира, «коьртаниг ду тIеман хьал политикан юкъаметтигаш къасточе даккхар». Шемахь тIом лаьтта пхи шо кхочуш хIоттийна хIара рогIера машар лехаран барам. 270 эзар стаг вийна Шемахь, махкахваьлла миллион сов вахархо.

ХIинца Женевехь дуьйладеллачу дийцарех хьалхара мур аьлла бертахоша, иза 10 дийнахь лаьттар бу. ШолгIа мур болалур бу кIиранах бертахоша садаьIначул тIаьхьа. КхоалгIа мур, лаам бу бертахойн, Шемара Iедал хийцаран хьокъехь дIабахьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG