Мехкдаьттан мехаш охьаэгна кху муьрехь. Бахьана лору трейдерша Оьрсийчоьно а, мехкдаьттан ОПЕК юкъараллехь болчу мехкаша а, иштта ГIажаройчоьно а мекхдаьтта даздеш гIулчаш яха тарлуш хиларца доьзна. Деношкахь хиллачу 3 процент лахбелла мехкдаьттан баррелан мах, 40 долларал а охьабаьлла иза.
Оьрсийчоьнан мехкдаьттан министро Новак Александра дIахьедина шинарийдийнахь, ТехIеран сиха яц мехкдаьттан мехаш бесточу некъатIе яла, амма цо шена 10 шо хьалха дуьнено санкцеш кхайкхош шен хиллачу бараме хьалакхачор бу ша доккхучу мехкдаьттан барам аьлла. Оцу къамело а лахбира мехкдаьттан мах биржанашкахь шинарийдийнахь.
ТехIеране визитца вахна волчу Новака цигарчу мехкдаьттан министрца Зангане Бижанца хиллачу цхьаьнакхетарехь дина и къамел. Санкцеш дуьнено шена духьалъяхале ГIажаройчоьно доккхура дийнахь 4 миллион баррел мехкдаьтта, хIинца – ца кхочу 3 барреле а.