ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даймохк кхиочу меттана - пана мохк


Къилбаседа Кавказан бахархошна болх-некъ хиларна тIехьажийна леррина программа тIеэцна Оьрсийчоьно деношкахь

Ерриг Оьрсийчохь уггар дуькъа адам дехачу кIоштех цхьаъ ю Къилбаседа Кавказ. Цигарчу бахархошна болх-некъ хиларна тIехьажийна леррина программа тIеэца лоьруш ду Iедал.

Цу хьокъехь хаам Iорабаьккхин Кавказан гIуллакх-дезарийн министаран гIовс волчу Хацаев Олега. Цо дийцарехь хIара карара шо юккъе доьдуш, кхузахь схьайоьллуш ю Малхбале кIоштехь белхалойн кхачо хилийтар Iалашонца кхуллуш йолу филиал.

Вуьшта аьлча, ахчанан гIоьнца кавказхой Малхбале дIа а кхалхийна, шо-шаре мел долу лахлуш догIучу адамийн терахь лакхадаккха а, къинхьегамхойн могIарш дукъдан а лоьруш бу Iедалдай.

Официалан гIардаккхарца къинхьегаман министаралло 81 миллион сом ахча къастийна Хабаровск, Магадан, Амуран, Чукотка кIошташна а, ишта Архангелск регионна а къинхьегамхойн могIарш стамдарна тIехьажийна программа дахаре ерзо.

Iедалан хьостанаша чIагIдарца кху тIедогIучу 2-3 шарчохь цига дIахьажо тарлуш ду лаххаре 100 эзарне кхаччалц белхалой. Царна цига дIабаха а, цигахь дIатарбала а аьттонна къастор ду 150 эзарне кхаччалц ахчанаш а боху маьхькIамхоша.

"Воьдуш йинарг чот яц, вогIуш йинарг бен», вайнахалахь олуш ма-хиллара, и Iалашо дахаре муха ерзор ю ала хала ду.

Бакъду, нохчашлахь барам а, чот а йоцуш дукха бу, дуьненан муьлххачу маьIIе кхача а бIокъажор боцурш, нагахь доьзал кхаба цу хийцамо таро луш елахь.

Белхан хьокъехь шен а, кхечу махкахойн ойланех дуьйцуш ву 43 шо долу Шелковск кIоштера Бураев Сайпи.

Сайпи: «Сан болх-некъ боцу дукха зама ю. Машенан, тракторан лело бакъонаш хиларал ас дукха корматаллаш караерзийна. Кху цIахь дан хIума-м дац. Со мичча а дIагIур волуш вар-кх бан болх хилча, харцонаш а ца лелош, оцу Малхбалехь белхаш хир ду бохуш дуьйцург бакъ хилахь, цига гIонверг цхьаъ со ву-кх».

Цхьанне а хьеставала а, я цхьангга а дехарш дан а ца оьшуш, хьаннал къахьегча, тоъал алапа догIуш болх нисбелча, ша мичча пана махка а балха гIур вара бохуш, чIагIонаш ечу гIаддайначу нохчех цхьаъ ву Гуьмсан кIоштера, боккхачу доьзалан да Абубакар.

Коьртаниг аьлларг аьлла а долуш, ямартлонаш а ца лелош, болх карабар лору цо. И ву дуьйцуш.

Абубакар: «Ткъех шо ду-кх со балхахь воцу. Пенсехь а вац со. ЙоI ю сан заьIапхо. Цуьнцан пенси тIехь Iаш ду-кх тхо. Ши кIант а ву сан баккхийра дозалш а болуш. Харцо а йоцуш болх бан меттиг хилча валлай гIур дар-кх мичхьа –м. Малтех-м гIур вара со хьарамлдонаш а йоцуш къахьега меттиг хилча».

Белхан хьокъехь хIинцца къамел дина Гуьмсан кIоштера Абубакар санна дацаро эшам бинарш тахана махкахь инзаре дукха бу, официалан балхаца боцурш 13-14% бен бац бахахь а.

Ала дашна уьш билггал мел дукха бу, церан терахь мел доккха ду хууш берш хIиттане хIиттац къамел дара-м стенна дуьйцу, церан дукха-кIезгаллин барам къадо а.

Хууш ма-хиллара, болх-некъ боцчийн терахь ирх ца дахийта делахь а, и гIорийча санна латто делахь а, дикка хьалха дуьйна а маьхькIамхоша барта динчу омра-тIедилларца, балхаца боцчарна пособи эца чулуш долу кехат-тоьшаллаш, кхузахь схьаоьцуш дан а дац.

Стенна? Жоп чолхе дац. Дан хIума доцуш буьйлабелла лелачеран терахь лакха ца далийта. Ма-дарра аьлча, маьхькIамхоша низамаца бIоста нислушшехь дахаре берзийначу цу билламах, и ишта хила догIуш санна, боьлла бахархой.

XS
SM
MD
LG