ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Плиев Баширна - керла автобус


КIира хьалха Несарара Нохчийчу кхочучу новкъахь журналисташна а, бакъоларъярхошна а тIелатардеш зуламхоша ягийра церан хIуманашца цхьаьна уьш чохь хилла микроавтобус. Хьеший дарбанцIийнехь а латтийна, полицехь лен а бина, дIабахийтина ГIалгIайчуьра.

Амма микроавтобусан да Плиев Башир массех беран да, хала воллуш стаг хилар а, цунна уггаре дукха чевнаш тIелеттачара йина хилар а къастийначу цуьнан махкахоша ахча вовшахдетта долийра шайггара цунна керла автобус эца.

Оьшучу цхьаъ-ах миллионах цкъачунна гулделла 450 эзар сом, и ахча теснарг ву ах эзар стаг, хаамбо гIалгIайн зорбано. Оьрсийчоьнан журналистийн юкъаралло а сацамбина оцу акцехь дакъалаца – Плиевна автобус эцархьама Москох концерт хIотто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG