ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Захаров Петран кхолламах жайна


Захаров Петра 1830 - чу шарахь диллина сурт
Захаров Петра 1830 - чу шарахь диллина сурт

19-чу бIешерахь ваьхначу суртдиллархочо Захаров Петра шен белхашна бухахь, воккхаверца санна, ша нохчо хилар билгалдоккхуш хилла. Амма цо шен йозанаш дитина доцундела, цуьнан хьежамаш а, цуьнан дуьне а, муха хилла билгал ца долу.

Хуушдерг ду- Дадин-юрт Ермоловн омраца ягийна, хьаьшна дIаяьккхича, да а нана а доцу, кхаа шаре ваьлла кIант, цхьана цахуучу бахьанашца салташа къинхетам а бина, шайца схьаэцна, йийсаре лаьцна.

ТIаьхьа иза лело шена схьаэцна хилла нохчашна бIаьрга ван ца везачу Ермоловс. Кхузахь Захаровна тIехь кхоллам кхаьрдина ала мегар ду. Шен да а нана а дийна, юьрт а ягаян омра деллачу чалтачо кхиийна и буо.

Захаров Петран дахарехь йовзанза шортта агIонаш ю. Иза леррина дина хIума а дац. Дуьххьара иза теллинарг оцу тIегIанехь говзанча ца хилар бахьанца нисделла иза, аьлла Маршо Радиога дуьйцу, тахана шен махкахочун дахар а, кхолларалла а толлучу Iилманчас Шахбиева Мадинас.

Шахбиева: «Захарован дахар дуьххьара теллина верг говзанча ца хилла. Захаров-нохчо аьлла йоза гича, цо шен лаамехь теллинера иза. Шабаньянца бинчу белхан мах охьабаккхар дац иза. Цо шена лаа а лууш, даггара бина и болх. Кхидерг ду-иза кхоччуш говза бина ца хилар.

Цуьнах лаьцна дуьххьара хаамаш цо гулбина Санкт-Петербурган а, Москохан а архивашкахь. Иза нийса дина цо. ХIунда аьлча, исбаьхьаллийн академийн фонд оцу шина гIалахь ю. Дуьххьара иза нохчи хилар билгладоккхуш документ ду, йийсаре вийна волу ши кIант Ермолов Алексейс Ермолов Петрна, шен шичина дIавелла хилар.

Оцу тоьшаллитIехь дуьйцуш ду, Дадин-юртара нохчий кIант а, лаьзгийн кхин цхьаъ а, цуьнга лело дIавелла аьлла. Иза хилла 1925-чу шарахь. Ермолов Петр тIеман дарж а дитина, Москох юхаваха гIерташ хилла оцу хенахь».

Ермоловс шеца Москох цхьа нохчи вигина хилла Iаш вац. Цуьнан хеннара хир волуш, тIелатар динчу кхечу меттера схьавалийна хилла лаьзгийн къомах кIант а. И шиъ цхьанна хьалакхиънехь а, воккха хилча, важа Кавказе тIаме вахханчохь вийна.

Тахана Лермонтов Михаилан кхолларалла толлучарна хета цуьнан «Мцыри» поэма Захаровн дахарх язйина ю аьлла. Оцу ойланна тIетов Оьрсийчоьнан Iилманан академийн лаккхара белхахо, филологин кандитат Шахбиева Мадина а. Цо иштта элира.

Шахбиева: «И верси йолуш ю. Цуьнан агIончаш а бу, иза бакъ ца хетарш а бу. И хIума аксиома ала мегар ду, ян бакъдан а, харцдан а аьтто боцуш. Суна хетарехь, иза хила мега. Со тIетов цунна. Захаровс Лермонтовн сурт диллинера, цуьнан дененан Асеньеван дехарца.

Цуьнга шега а хьожуш диллина цо и сурт. Цундела, суртдиллархочунна а, поэтан а уьйраш хилла. Суна хетарехь, и шиъ хьалхе дуьйна вевзаш а хилла. Лермонтов Москохарчу университетехь доьшучу хенахь, Захаров деша хIуттуш хилла исбаьхьаллийн академи. Цушиннан некъаш цхьана нисделла хила а мега. Суна хета, «Мцырин» коьрта турпалхочун васт Захаровх язйина ду».

Iилманчана Шахбиева Мадинина, Захаров Петран дахар толлуш цо ша дихкина суьрташ а, цуьнан шен суьрташ а гучудевла. ХIинцалц уьш цхьанхьа а хилла а дац гIарадаьхна аьлла, кхин дIа а дуьйцу цо.

Шахбиева: «Москохарчу музейхь цхьацца белхаш ду, терачу амалехь яздина, кхечара дина бохуш. «Чаадаевн портрет», «Неболсинан портрет» , «ХомяковгIеран портрет». Кхиъ шортта ду уьш. Сайн белхаштIехь шуьйра дуьйцур ду ас цуьнах лаьцна.

Амма суна уггаре а мехала хеташ дерг ду, сан белхашкахь хьалха бинчу талламашкахь ца хилларг хилар. Доккха сурт ду Чернецовс диллина. Иза лерина ду 1831чу шарахь Полшера гIаттам хьашарна лерина. Цу тIехь ву Пушкин а, Крылов а, Жуковский а.

Чернецовн оцу доккхачу суьрта тIехь суна карийна Захаров а. Шаверриг цу тIехь 200 сов стаг ву. Ша суртдиллархочо Чернецовс, цу тIехеь волу хIора стаг шен-шен цIарца билгалваьккхина.

204-чу лоьмарца лаьтташ ву Захаров. Доккха сийлахь хIума ду, оцу суьртатIехь иза хилар. Пушкинца а, Жуковскийца а цхьана суьртан тIехь латта аьтто балар-доккха дозалла ду».

Захаров Петран дахартIехь талла мегар ю Нохчийчоьнан истори. КIоргера талламхо хила ца веза цуьнан сингаттам а, сагаттадар а цуьнан белхашкахь хаадала. ЦIийца шен боцучу махкахь 30 шаре ваьлча йовхарийн цамгарх валар хиллачу цо лайна дахаран боккха бала.

Иза ша дерг хира ду Iилманчас Шахбиева Мадинас цуьнах лаьцна зорбане даккха кечдечу жайнехь.

ТIаккха нохчашна а, Захаров Петран дахар а, кхолларалла а шуьйра девзар ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG