ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Савченкона 22 шо кхайкхийна


Оьрсийчуьрчу Ростов кIоштан Донецк гIалин кхело шинарийдийнахь Украинан эскархо Савченко Надежда бехке йина цунна оьрсийн ши журналист верца доьзна тIедаьхьначу массо а зуламашна.

22 шо набахтехь даккха а кхайкхош, 30 000 соьмана гIуда а кхайкхош йирзина кхел. Кхелахочо сацам боьшучу муьрехь Савченкос долийра Украинан гимн лекха, оцу бахьанийца кхел ханнна юкъара а йоккхуш.

34 шо долу Савченко лецира лурчах Луганскна гергахь. Оьрсийчоьно чIагIдо, Донбассерчу сепаратисташна дуьхьал Украинан эскаро деттачу герзашна Iалашонаш гойтуш хьийзина Савченко, цо иштта тохийтинчу герзо вийра ши журналист бохуш. Ша Оьрсийчоьнан кхел кхел а ца лору, ша бакъо йоцуш а лаьцна, боху зудчо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG