ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кубехь ву Обама Барак


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак шинарийдийнахь цхьаьнакхийтира Куберчу диссиденташца, Пачхьалкхан кхеташонан куьйгалхочуьнца Кастро Раулца хьажира бейсболе.

Ишшта, вистхила везаш вара кубахошна хьалха Гаванерчу Йоккхачу театрехь а.

Кубица иттаннаш шерашкахь херо лаьттачу юкъанна цкъа а хилла вацара Гаванехь Iамеркан Штатийн президент. Хилам базбина буьйцуш, гойтуш бу Кубехь. Кху шен визитехь Обама лерина ву Кубин лидершца церан пачхьалкхехь адаман бакъонаш талхош хилар хьалхо, цуьнца доьзна дара Iамеркан президентан диссиденташ гар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG