ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс хана урхалла дийр ду Нохчийчоьнах


Путина пIераскана Кадыров цуьнца ша цхьанакхеттачохь иза Нохчийчоьнах ханна урхалла дан хIоттийна. Кадыровс маситтаза аьллера кхушара, ша шегарчу даржехь виса хьагна вац, аьлла, амма массех акци дIаяьхьира Соьлж-ГIалахь иза даржехь висаре сатуьйсучу агIоно.

Цуьнан административан ресурс, белхан некъ хастийра Путина. «Нохчашна тIаьххьарчу хенахь дина диканаш, уьш Оьрсийчоьнна а пайде хилар юьхьар а оьцуш, ас омра дина хьох ханна Нохчийчоьнан куьйгалхо хилийта», - аьлла Путина, хаамбо РИА "Новости" агенталло.

Амма ца хоуьйту цкъачунна прессехь, Кадыровс кхушара дуккхаъчу оппзицин агIончашца даьхначу девнех, цIе церан сийсазъеш яздинчух Путина хIун мах хадийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG