ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхи шо оьшур ду Палмира юхаметтахIотто


Шема - Палмира, Риман Триумфан арка (сийлахь толаме нартол).
Шема - Палмира, Риман Триумфан арка (сийлахь толаме нартол).

«Исламан пачхьалкх» цIе йолчу тобано йохийна Палмира олу шира гIала юхаметтахIотто 5 шо оьшур ду аьлла дIахьедина Шеман шираллаш Iалашйечу урхаллан куьйгалхочо Маамун Абдулкерима. Цо дийцарехь, археологин эксперташ Палмире баха новкъабевлла цу гIалана дина зе къастор Iалашонца.

10 бутт бара и шира гIала Исламан пачхьалкх олучу тобанера тIемалоша дIалаьцна латтон. Цу хенахь цу наха байина иттаннаш меттигера бахархой. Цара хIаллак йина мах боцу 1800 шарахь лаьттина йолу артефакташ, ткъа иштта йохийна дуьненна а евзаш йолу Риман Триумфан арка (сийлахь толаме нартол).

Билгала гIала мел йохийна ю хууш дац. Цхьаболчу хаамашца, дукхах йолу историн мах болу шира гIишлонийн херцарш хье цаеш йисина Палмирехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG