2018-шо тIекхачале ах миллион гергга Шемара мухIажираш дIатарбеш дакъалацахьара аьлла кхайкхам бина ерриг а пачхьалкхашка Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан коьрта секретаро Бан Ки Муна.
И дIахьедар цо дина Зазадоккху-беттан 30-чу дийнахь Женевехь болх бан йолаеллачу дуьненаюкъараллан мухIажирашкахула йолчу агенталлан конференцехь.
Пхеа шарахь яхйеллачу Шемарчу тIеман конфликтехь вийна лаххара 250 эзар стаг. 5 миллион стаг махках ваьлла. И нах коьртачу декъана дIатарбелла Шемана луларчу пачхьалкхашкахь.
Шеман махкахошна гIо дарна хьажийна тIеххьара конференци хилира Чиллан-баттахь Лондонехь. Цигахь кху дуьнентIерчу пачхьалкхаша барт бира 11 миллиард доллар ахча гулдан ШолагIа Дьуненан тIом дIабирзинчул тIаьхьа дуьххьара цу тайпа дукха махках бевллачу нахана гIор дар Iалашонца.
Дела реза хуьлда х1ара г1уллакх дечарна.