Iамеркин тIеман министралла шен эскаран дакъош дIатардан дагахь ю Малхбалерчу Европехь – Литвахь а, Латвехь а, Эстонехь а, Полшех а Румынехь а, Болгарехь а. Цу пачхьалкхашкахь дIахIоттийна хир ю 250 тIеман техника – танканаш а, "Брэдли" тIеман гIашсалтийн машенаш а, «Паладин» олу гаубицаш а.
Iамеркерчу Wall Street Journal-на интервью луш, тIеман министран когаметто Уорк Роберта дIахьедар дира, Iамеркин эскаран дакъош Малхбалерчу Европехь алсамдахар доьзна ду цигарчу пачхьалкхийн Iедалш шеко йолуш хиларца, Оьрсийчоь кхераме гIулчаш йохуш а йолуш, цуьнах шаьш лардан кийча юй-те Вашингтон бохучух.
Европехь тIеман дакъош дIатардаран Iамеркин план болх бан йолалур ю 2017-чу шеран Чиллан-баттахь.