Югослави олуш хиллачу пачхьалкхехула йолчу Дуьненаюкъарчу кхело массо а бехкех хьалхаваьккхина Сербин радикалан партин хьалханча Шешель Воислав. Суьдхочо Антонетти Жан-Клода дIахьедар дина кхелан аьтто цабаьлла Шешель бехке хиларан тоьшалла каро, ткъа бехккъасторхоша кхайкхийначу вердиктца а догIуш, иза маьрша ву.
И кхелан сацам дIакхайкхош Шешель кхелан хIусамехь вацара.
Шешель Воиславана бехке диллинарг дара 1990-чу шерашкахь Балканашкахь тIом боьдуш теман зуламаш дар. 2003-чу шарахь иза шен лаамехь каравахара ХIаагерчу трибуналана.
Бехкбилларгахоша дехнарг дара Шешешльна набахтехь даккха 28 шо хан тохар. Амма хилларг къастор дахделира. 2014-чу шарахь гуманитаран бух болуш цамгар ловш волу Шешель дIахийцира набахтера.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...