ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь кIезиг бен ца бисина нохчий?


Шемарчу тIамехь дакъалаьцна махкара дIабахна кегийрхой эгна, бисинарш Европера нохчий бу, боху Кадыров Рамзана.

«РИА -Керланаш» агенталлина ша еллачу интервьюхь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана аьлла, махкара Шемарчу тIаме бахначех дукхахберш хIаллакбина, бисинчийн терахь 200 ду.

«Тхоьгахь болчу хаамашца, «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанца Шемахь тIемаш бина дуккха а нохчий эгна. Цигахь тIамехь болчу Iаьрбаша луьрачу летаршка нохчийн хьалха а тоьттуш, шуна дика хаьа, шун зеделларг ду, маса, хьалха вала, нохчо, тIом бе, бохуш, байийтина. Висина 200 стаг Европера дIабахана нохчий бу».

Мехкан куьйгалхочунна хетарехь, Малхбузерчу къайлахчу сервисаша Iеха а беш, хьежабо цхьацца пачхьалкхашкара мухIажирш-нохчий.

«Цара уьш леррина латтош бу, шайца боьзна. Цара могуьйту цигахь царна дерриг: герз ло, цхьана зуламашна кечбо. Иттанашкахь, бIеннашкахь нохчий беха тахана Европехь, Туркойчохь, Украинехь, масанхьа а», - боху Кадыровс шен къамелехь.

«Ткъа Нохчийчуьра, аьлча, наггахь верг а ца воьду дозанал ара тIом бан.

Оха леринчу тергонехь латтош ву хIора а вахархо. ТIом бан Iалашонца воьдург наггахь бен вац»,- Боху Кадыров Рамзана.

Цул совнаха, боху Кадыровс, Оьрсийчоьно Шемахь тIеман операци йолийначул тIаьхьа, цигарчу тIаме Оьрсийчуьра дIаоьхучийн терахь хаъал лахделла.

Махкарчу куьйгалхочо хIоразза а меттигерчу телевизионехь чIагIо йора, Шемарчу тIаме вахана Нохчийчоьнан вахархочунга юха даймахка ког боккхуьйтур бац ша, бохуш. Адамаш дайъина, талораш дан Iамийна, зуламаш даржийна стаг шен къомана кхераме ву, элира.

Тайп-тайпанчу хаамашца, 3000 Оьрсийчоьнан вахархо бехке ву дуьненаюкъарчу терроран юкъараллашкахь хиларна. ФСБ-н директора Бортников Александра дахначу шарахь хаам бира, 200 гергга терроран зуламхой хIапллакбина, оццул юха а баьхкина Оьрсийчу, уьш шайн тергонехь а бу, аьлла.

Маршо Радио зIене елира Францехь вехачу вайн махкахочуьнца, историкца Вачагаев Майрбекца. Шемара хьал даим зуьйш, дуьненан прессехь дерг довзуьйтуш хуьлчу цуьнга хаьттира оха, Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанехь висина 200 нохчо вуй-те Европехь дIабахначу вайнахах, я Кадыровна луург-ду-те иза, аьлла.

Вачагаев: «200 стаг кху Европера дIавахана аьлча, бакъдерг дийцича, хIакхара са даккха вуьтур а вацара. ХIунда аьлча, доккха терахь ма ду и. Таханалерачу дийнахь Францехь Iедало гучуваьккхинарг 4 вуй-те моьтту суна.

Норвегера шиъ вара вахана, Германера 3-4 стаг вара вахана, Швецера вахана, цигахь дIакхелхана цхьаъ а ву. ХIора пачхьалкх схьаэцча, 1,2,3,4 кхи вац. Уггар дукха иттех стаг Австрера вахана вара. Уьш берш вовшахтоьхча а хир вац 40 стаг а».

Мисарахь, Шемахь, Туркойчохь дуккха а нохчийн бераш дара боху Вачагаев Майрбека динан Iилма карадерзо, дIадахана. ТIом болабеллачул тIаьхьа и кегий нах цигахь бисина хилар а ца дуьллу цо шеконе.

Вачагаев: “Вайна ма-хаъара, Шемахь тIом болабалале а, цигахь доьшуш вара бIе сов нохчо, Мисарахь, Шемахь, цигахь дуккха а исламан университеташ ю. Кхечу дккхаъчу пачхьалкхашкахь доьшучаран луш стипенди дацара, ткъа Шемахь лора. Цундела а дара массо Къилбаседа Кавказера нах а цига гIертар».

Бакъ ца до вевзачу историка Шемарчу тIамехь Кадыров Рамзана висина боху 200 стаг Европерчу нохчех хилар. Масалшца далира цо цуьнан тоьшаллаш.

Вачагаев: «Европера воьдург кхара чIогIа ларвеш ву. Ур-атталла хьо Туркойчу садаIа воьдуш велахь а, хьо билгалвеш ву кхара, хIунда аьлча, ши-кхо кIира даьлла хьо юхавеача, уггар хьалха хьо туркойн гIаланашкахь хиларан тоьшаллаш гайта деза Iедална.

Цундела тахана дукхаболу нохчий Туркойчу а ца боьлху, ларлуш. 200 Европера нохчий бу бохург нийса ца хета суна.

Оццул доккха терахь хилча, ас юха а боху, хIокху Европехь хIора ши-кхо бутт мел болу гул а луш пачхьалкхийн векалша Шемара хьал зуьйш хуьлу. Цара и терахь Iорадоккхур дара, журналисташа дуьйцур дара».

Оьрсийчоьно шен кеманаш Шемара юхадерзийча, Кадыров Рамзана шен Инстаграмехь яздира: «Оьрсийчоьно шен Iалашонаш кхочушйи. Доллу дуьне теший, ша бен террорна дуьхьало ца йинийла. Iамерко а, цуьнан агIончаша а йохийна ОвхIанистан, Ливи, Иракъ, хIаллакбина церан куьйгалхой.

Ткъа Оьрсийчоьно Шемара хьал маьршачу новкъа дерзийна», аьлла хьажам бу Кадыров Рамзанан.

Амма ца хьахадо, Шемин президентан Асад Башаран эскарша, оьрсийн кеманийн гIоьнца 30 000 сов Шемин вахархо валар а, маьрша эзар сов нах байъар а.

Шемарчу бакъонашларъярхоша Iорадаьхна и терахьаш.

XS
SM
MD
LG