ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карабахера конфликт ерзон некъаш лоьху


Кхаа дийнахь тIом лаьттинчу Карабахехь герзаш совцон бина барт лар а беш, дуьхь-дуьхьал лаьтта шина мехкан эскарш. Эрмалойшна а, азербайджанахошна а юкъахь хилла тIематасадаларш тIаьххьарчу 20-х шерахь ца хиллачух луьра дара.

Оьрсийчоьно а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а къобалбина тIом сацош Еревано а, бакохо а шинарийдийнахь бина барт, иштта кхойкху агIонаш машар бийца ховшаре.

Эрмлойчоьнца Берлинехь бертан хьокъехь кхаарийдийнахь къамел хилла Меркел Ангелин, ткъа Азербайджане и мисси эцна вахана Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей. Бакохара бинчу хаамца, тIеман дозанехь гIоьртина лаьтта хьал, амма тIематийсадаларш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG