ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла премьер-министр хаьржина ГIиргIазойчохь


ГIиргIазойн парламенто кхаьжнаш а тесна, рогIера премьер-министр хIоттийна Женбеков Сроронбай кхаарийдийнахь. Цо депутаташка элира, ша берриг ницкъ берзор бу террорна дуьхьал, луларчу пачхьалкхашца шайн мехкан дозанаш билгалдохуш.

Сариев коррупци яржорна парламентехь ши де хьалха ша бехкевича, даржера дIаваьлла Сариев Темир хийцина Женбековс. Сариевс китайхойн некъаш бохкучу фирмица бинчу бертах пайда а оьцуш, 100 миллион долларна пайдабина шена, боху депутаташа.

Лонг Хай цIе йолчу компанина озабезамца контракташ а нисдеш, цунна тендерш кхачош хилла Сариевс, аьлла дIахьедина ГIиргIазойчоьнан транспортан министра Малабаев Аргунбека. Сариевс иза бакъдац, ша цавезачара дуьйцу, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG