ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экономикан реформаш яре кхойкху Гройсман


Германино а, Францино а Украинан керлачу премьер-министре Гройсман Владимире кхайкхам бина сихха экономикан реформаш яр а, Оьрсийчоьно агIо лоцучу Донбассерчу сепаратисташца конфликт ерзорах лаьцна Минскехь бина барт кхочушбарехьа къахьега а. Президентца Порошенко Петроца телефонехула къамелдеш пIераскана Францин куьйгалхочо Олланд Франсуас а, Германин канцлеро Меркел Ангелас а аьлла, «сихха кхоьллинчу керлачу министрийн кабинето сихха, эвсара жамIаш гайта а деза».

Еарийдийнахь Украинан парламенто тIечIагIдина Гройсманан Iедал. Политикан цакхетамаш юьстах а буьсуш, цивилан дуьнено дан лерина экономика тIеэца бух а буьллуш хьийзар ву Гройсман аьлла дегайовхо ю шайгахь, бохучу маьIнехь дIахьедарш дина цхьамогIа Украинерчу поликаша а.

Махкахь карчам хилча Iедалан коьрте хIоттийна Яценюк Арсений даржера дIа а волуш, хийцам хилла цуьнан го коррупци лелош хиларна Iорадаьлла аьлла, факташ Киево кхайкхийначул тIаьхьа. Iамеркан Штатийн вице-президенто Байден Джос, Олланда а, Меркела а аьллачунна тIе а товш, декъалвина шен даржехь Украинан керла премьер-министр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG