ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьлла библиотека шен гIишлонах яьккхина мэрино


Нохчийчоь -- ГIалин коьрта библиотека. Соьлж-ГIала, 2016.
Нохчийчоь -- ГIалин коьрта библиотека. Соьлж-ГIала, 2016.

Соьлж-ГIалара Юккъера библиотека кхечу метте дехьаяккха омра дина мэрино. ГIишло цхьана шайн хьашташка ерзо бохку хьаькамаш.

Интернет хьостанехула, нохчашлахь даьржинчу ламастца а догIуш, Кадыровга кехат яздина библиотекан белхахоша. Доцца довзитича хIара ду иза.

«Лараме Рамзан Ахматович! Орцан маьхьарца, ахь луьстаре са а туьйсуш, хьоьга гIо доьху оха.

60 шо сов зама ю Путинан майданерчу 22-чу гIишлочохь, иза шена йинчу заманахь дуьйна, гIалин Юккъера библиотека йолу.

Вайн мехкан иэсехь доккха гIуллакх дина ю иза. Аьтто боллучу меттехь лаьтташ а, хаза дешархойн чоьнаш йолуш а, оьшшу жайнеш шена чохь IаIорна а, махкана мехала барамаш чохь дIабахьа пайде хиларна а, дуккхахболчу махкахошна садаIа а, синкхача схьаэца а мехала меттиг хета нахана тхан библиотека.

Кхузахь хуьлу къоначу суртдиллархойн а, даьхначу суьртийн гайтамаш а, яздархойн цхьаьнакхетарш а, керла жайнеш довзийтар а. Цундела ду мехала библиотека ша лаьттачохь, шена цхьана заманчохь йинччу гIошлочохь йисар.

2013-чу шарахь багахь дIааьллера тхоьга гIишло мукъаяккха, схьагайтина цхьа а оцу хьокъехь сацам а боцуш. Амма юкъа баккхий хьакамаш а боьлла, дитира тхо кхузахь.

Ткъа кху беттан 15-чу дийнахь Соьлж-ГIалин мэрино кхо де ло ша аьлла гIишло мукъаяккха. Делахь а ца гайтина Iедало ша бина сацам.

Тхо инзардевлла Iа. Вайн къоман хазна ма ду оха болхбе библиотека. Иштта вай вешан синбахамаллица ларам боцуш хилахь, хIун хир ду къомах, кегийрхойх, вайн халкъан ламастех? Нийса дуй, библиотека дIа а къевлина, цуьнан метта ресторан я туька схьаеллар?

Хьомсара Рамзан Ахматович! Оха догдоху ахь хьал луьстуш дакъалацаре а, тхаьшна гIодаре а».

Иштта ду кехат, Кадыров а, цуьнан да а хестош яздинарг юкъара а доккхуш довзийтича.

Дуккха а наха – бакъду оццу интернетехула, деккъа оцу чухула – къадийна шайна хетарг.

«Тоьар ю бутикаш, ресторанаш. Къезиг яц уьш гIалахь" - яздо Фесбукехь Садулаева Марияс.

«Вуно аттачу меттехь лаьтта библиотека, таксичуьра охьавуссушехь, иттех гIулч яьккхича, хьо нийсса кинжканашна юккъехь нисло» - боху Абдулкадыров Адама.

«Иза рогIера тIеIаткъам бу библиотекахошна беш, ткъа цул хьалха бинарг а лаьтта сан дагчохь. Цигахь даккхий ахчанаш а далуш, и гIишло книгашна кIел латторо сагатдойту хьалдолучаьрга. Ткъа шаьш уьш цкъа а бац я библиотеке бахана а, я жайнеш деша нах! Цара ахчанца бен ца дусту кху дуьненахь цхьа а хIума» - яздина кхечу цхьана фейсбукьхочо.

Хьаькамашна бен-башха а доцу, Фейсбук-резадацар бен, кхин ваьллачух тера а дац библиотека ша йоллучохь йиса еза боху ойла къадош, гарехь, я Соьлж-ГIалин мэре Кадыров Исламе а, я цуьнан махках хIуъа а дан ницкъ болчу дехочуьнга Кадыров Рамзане а.

Ткъа оршоьтан дийнахь даьржина, библиотекан директор, цкъачунна дуьйцуш а доцчу бахьанийца, даржера мукъаяьккхи аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG