ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн Кхерамзаллин куьйгалхочо кхойкху Iамеркан тIеIаткъамана дуьхьал барамаш юкъабахаре


Оьрсийн Талламан Комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр
Оьрсийн Талламан Комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр

Оьрсийн Талламан Комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра адамийн бакъонаш кхиндIа а лахъяре кхойкху. Цо Коммерсант Власть газетехь яздира Оьрсийчоьнна духьал Iамреко а, цуьнан бертхоша а гибридан тIом бу дIахьош бохуш. Цо бехкейира Iамрек оппозицин тобанашна ахчанца гIодарна а, Азербайджанехь хIинца тIеман тийсадаларшна тIехьалаттарна а, Гергарачу Малхбалера хьал карзахдаккхарна а. Цул сов, цо кхайкхийра ГIимра ахгIайрана Оьрсийчоьно йина аннексин хьокъехь критикъяр дехкар тIеоьцуш низам юкъабаккхаре а. И массо барамаш Оьрсийчоь хIаллакъен лерина Iамрекан тIеIаткъамана дуьхьал юкъабаха беза бохуш, яздо Бастрыкина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG