ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

​ Мехкдаьттан мах чIогIа охьабоьжна


Ёлкин Игоран куьйга диллина сурт
Ёлкин Игоран куьйга диллина сурт

Оханбеттан 18чу дийнахь мехкдаьтта доккху пачхьалкхаш берте ца кхачар бахьанехь мехкдаьттан мах охьабоьжна. Цуьнан мах 7 процент геррга охьабоьжна. ХIинца изу духку 37 долларх. Кху тIаьхьарчу шина баттахь мехкдаьттан мах оццул лаха хилла а бац. И бахьанехь оьрсийн соьман мах долларна а, еврона а дуьхьал кхо процент охьабоьжна. ГIажар пачхьалкх реза ца хилира ОПЕК цхьаьнакхетаре а еана, мехкдаьтта даккхар ша хIинца доккхучул алсам ца даккха . Цунна ду боху мехкдаьттан мах охьабожар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG