Шинарин бусу Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца телефонехула къамел деш, гарехь, аьтто баьлла Савченко маьршаяккхаран некъ аьлла дIахьедар дина Украинин президенто Порошенко Петрос.
Украинин эскархо Савченко, 22 шо хан а тоьхна, чуйоьллина ю Оьрсийчохь, оьрсийн урналисташ бойуш дакъалаьцна аьлла. И зуда маьрша яккхар вуно мехала хIума ду шена бохуш вара Порошенко.
Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрий тIечIагIдина Путина а, Порошенкос а телефонехула къамел деш Савченкон кхоллам бийцаре бина хилар. Амма кхин билггала хин дерг цадийцина Песковс. Оршот дийнахь Киеверчу кхело, шинне а 14 шераш а тоьхна, чувоьллина оьрсийн ши эпсар Ерофеев Евгений а, Александров Александр а, Украинина дуьхьал тIом барна бехке а вина.
Цул тIаьхьа цхьамогIа Оьрсийчоьнан а, Украинин а политикаша дIахьедарш дира цу гIуллакхо аьтто бийр бу и ши стаг Савченкох хийца аьлла.
Порошенкос телефонехула шен хиллачу къамелехь дехар а дина, мацалла хьегар сацийна Шинарин дийнахь Савченко Надеждас.