Юккъерчу а, Керлачу а бIешерашкахь Европехь вуно ницкъ болу паччахьаш хилла бу Габсбургаш. Цу доьзалера нах хилла Австрина а, тIаьхьо дуккха а къаьмнаш дехачу Австро-Венгрин империна а урхалла деш 1282-чу шархь дуьйна 1918-чу шаре кхаччалц. Йеза Риман империн императорш а хилла Габсбургийн доьзалера нах 1938-чу шарахь дуьйна 1745 шаре кхаччалц, цхьа ши-кхо шо бен (1742-1745) юкъара цадолуш.
Венехь вуно чIогIа ларйеш латтош ю Габсбургийн хазна. Цу чохь фотокамера а карахь хилира Маршо Радион корреспондент Эрсно Казбек. Цо даьхна хIара сурташ.
Габсбургийн Венера хазна

1
Рудольф II -чуьнан таж а (тIаьхьо Австрин императорийн таж), кхин йолу паччахьаллан симболш а.

2
Кхолламан гоьмукъ. ХIара гоьмукъ карахь йолуш 47 тIамехь цкъа а цаэшна Карл Сийлахь-воккха цIе йолу император.

3
Габсбургаша Наполеон эшо шайн аьтто цабаьлча императоран Франц Хьалхарчуьнан йоI маре яхийтина цуьнга. Цо къант вича совгIатана дахьийтина хилла Габсбургаша хIара ага. Амма бер цкъа а цаIиллина кху 280 кила дато дойуш диначу аган чохь.

4
Кху дуьнентIехь уггаре а боккха мехала тIулг (изумруд) (2680 карат). Иза карийна хилла Колумбехь.