Юккъерчу а, Керлачу а бIешерашкахь Европехь вуно ницкъ болу паччахьаш хилла бу Габсбургаш. Цу доьзалера нах хилла Австрина а, тIаьхьо дуккха а къаьмнаш дехачу Австро-Венгрин империна а урхалла деш 1282-чу шархь дуьйна 1918-чу шаре кхаччалц. Йеза Риман империн императорш а хилла Габсбургийн доьзалера нах 1938-чу шарахь дуьйна 1745 шаре кхаччалц, цхьа ши-кхо шо бен (1742-1745) юкъара цадолуш.
Венехь вуно чIогIа ларйеш латтош ю Габсбургийн хазна. Цу чохь фотокамера а карахь хилира Маршо Радион корреспондент Эрсно Казбек. Цо даьхна хIара сурташ.
Габсбургийн Венера хазна
5
Дашо кхаба.
6
"Дашо тIаргIанан" орденан накха уьнан тIе дуьллу дакъа ду.
7
Бер керстан дине дерзош лелош хилла жовхIаршца кечбина гIайба а, юргIа а, коч а.
8
Габсбургийн духар.