Юккъерчу а, Керлачу а бIешерашкахь Европехь вуно ницкъ болу паччахьаш хилла бу Габсбургаш. Цу доьзалера нах хилла Австрина а, тIаьхьо дуккха а къаьмнаш дехачу Австро-Венгрин империна а урхалла деш 1282-чу шархь дуьйна 1918-чу шаре кхаччалц. Йеза Риман империн императорш а хилла Габсбургийн доьзалера нах 1938-чу шарахь дуьйна 1745 шаре кхаччалц, цхьа ши-кхо шо бен (1742-1745) юкъара цадолуш.
Венехь вуно чIогIа ларйеш латтош ю Габсбургийн хазна. Цу чохь фотокамера а карахь хилира Маршо Радион корреспондент Эрсно Казбек. Цо даьхна хIара сурташ.
Габсбургийн Венера хазна
9
Габсбургийн духар.
10
Габсбургийн духар.
11
Империн жааIар (1024-1025) керстанийн динехь еза лоруш безамна лелаен хIума ю.
12
Бочкаи Иштван (1557-- 1606) Габсбургашна дуьхьал гIаттам айина Лакхарчу Венгрин куьйгалхо хилла. Цуьнан хилла таж ду хIара. Венгрийн дехарца иза дайтинарг хилла Султан Ахмет.