ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин Президент ДжовхIар Дудаев вийна 20 кхаьчча тахана


ДжовхIар Дудаев а, Микола Козицин (архив/www.adamalla.com)
ДжовхIар Дудаев а, Микола Козицин (архив/www.adamalla.com)

Ниcса ткъа шо хьалха тIеман кеман ракетан тохарехь вийра Дудаев ДжовхIар. Тахана Литвахь а, Эстонехь а, Украинехь а, Туркойн махкахь а, Малхбузерчу Европан гIалашкахь а, Дудаев ДжовхIар дагалоцуш барамаш дIабаьхира цигахь бехачу нохчийша а, царах дIакхеттачу меттигерчу наха а. Ткъа Украинехь вехаш волчу режиссёро Владимир Онищенкос сценарий язъйина ша Дудаевах яккха леринчу фильмана. “Сан ДжовхIар Дудаев” цIе йолчу цу кинон автора схьадийцарехь, ши сери еха хир йолу и кино иза чекхъяккха дагахь вара Дудаев веран ткъа шо кхаьчначу дийнахь, ткъа и болх хала хиларна иза реза ву ДжовхIар вийначу денна сценарий шега чекхъяккхаларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG