ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана ‘джавелин’ олу герз дала деза боху Iамерикан инарла


ОфхIaнчоь -Iамеркан эскархо джавелинах пайдаоьцуш, дечкен-бутт 1, 2015
ОфхIaнчоь -Iамеркан эскархо джавелинах пайдаоьцуш, дечкен-бутт 1, 2015

Европехь долчу Iамеркан эскарна буьйранча хIотто мегачу инарла Куртис Скапарротино еарин дийнахь билгалдаьккхира нагахь санна ша буьйранча хIоттавахь, шена Украинан тIемца кечдинчу ницкъашна ‘джавелин’ олу герз дала луур дара аьлла. ‘Джавелин’ система танкаш а, кхин йолу гIагI диллина техник а хIаллакъян лерина уггаре а тIаьхьа юккъадаьккхинчух герз ду. И дIахьедар цо дира ша цу даржехь чIагIван леринчу Конгрессан цхьана комитето цхьаьнатоьхначу ладогIарашкахь. Комитетан гIентадас МкКейна цуьнга Украинана тIемца дуьхьало ян аьтто бе герз дала дезий аьлла хаьттича, цо элира, “суна схьахетарехь, вай царна шайн суверенитет ларъяйталур йолу герз дала деза, цаьрга пайда эцалур болу тайпа герз дала а деза.” Ткъа муьлха герз дала деза, аьлла деталеш МакКейна хаьттича, цо иштта жоп делира, “Кхолладелчу хьолахь, суна схьахетарехь, танкана дуьхьало ен ‘джавелин’ тайпа герз оьшу царна,” аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG