Тахана Iамеркан президента Баррак Обамо дIахьедира администрацино кхин а 250 эскархо Шеме меттигерчу гIаттамхошна гIоьнна хьажор ву аьлла. Коьртачу шемарчу оппозицино хазахетарца тIеийцира Iамеркан президентан оршотан дийнахь дина и дIахьедар. Шемерчу цхьана оппозицин боламан векало Салем аль-Меслета иштта элира Женевехь: “Кхин а ши бIе шозза ткъе итт эскархо “Исламан Пачхьалкх” шех олучу тобанна дуьхьал тIом бан хьажьоран хьокъехь президента Обама бина сацам дика гIулч ю. Оха цу уьнах цIанбан беза тхайн мохк. Амма Шема терроризмах маьрша хир яц, вайна Ассадан режиман терроран чекхе галлалц. Тхуна тхайн мохк Ассадах а, ДаIишах а маьршабаккхарна тIехь гIо оьшу.”
Кхин а ши 250 Iамеркан эскархо Шеме хьажор ву
