ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь мохк бегийна


Нохчийчоь, лаьмнаш
Нохчийчоь, лаьмнаш

Нохчийчохь кхаарин дийнахь мохкбегор хилла. Меттигерчу бахархошна ца хааделла и мохкбегор. Цуьнан эпицентр Нохчийчоьнан Курчалойн кIоштехь хила, Ялхойн махка гергга. 10 километр кIорга латта бухахь хилла иза. Нохчийчуьрчу нах кIелхьарабохучу министераллехь дIахьедира мохкбегоро цхьа зе а ца дина, стаг а ца вина. Латта бухахь хилла мохкбегор нахана хаа ца лора, аьлла.

Цу министералла бохург тIечIагIдеш, Нохчийчуьрчу бахархоша а элира, шайна мохкбегор хаа а ца делла, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG