ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Раккъа гIала яккха гIуртур ду Асадан эскар Оьрсийчоьнан гIоьнца


Шема --Раккъа, Исламан Пачхьалкх шех олучу тобан тIемало
Шема --Раккъа, Исламан Пачхьалкх шех олучу тобан тIемало

Женеверчу Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацехь волчу Оьрсийчоьнан векала, Бородавкин Алексейа элира Асадан эскаро Раккъа гIала Исламан пачхьалкх шех олучу тобанаре дIаяккха тIелатар дIадолийна Оьрсийн ницкъийн гIоьнца.Охан-беттан 29-чу дийнахь ша Оьрсийчоьнан РИА хаамашка динчу къамелехь Бородавкин Алексей элира оьрсийн хIаваан ницкъаша Башар Асадан эскарана гIорто еш ду аьлла. Асадан эскаро зазадоккхучу беттан 27-чу дийнахь кIирнашкахь луьйра тIеман тийсадаларш хиллачу тIаьхьа Пальмира гIала юхаяьккхира Исламан Пачхьалкх шех олучу тобанера. Пальмира гIала дIаяккхаро Асада эскарана аьтто бира Раккъана а, малхбузерчу Шемана юкъахь ДаIишан тIемлой дIасалела а, цара оьшу хIуманаш дIасалелон а некъ, шен караберзо. Амма, Раккъина а, Дейр Эз-Зорина а юкъахь болу некъ хIинца а Исламан Пачхьалкх шех олучу тобан тIемалойн Iуналлехь бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG