ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадан ницкъаша хIаваан тIелатарш дина Алеппона


Шема
Шема

Охан-беттан стигалкъекъачу 30-чу дийнахь Шемерчу Iедалан ницкъаша саца ца дина гIаттамхоша Iуналла дечу Алепперчу меттигашна шаьш де хIаваан тIелатарш, хаамбо мониторинг тобано. Британехь бух болчу цу тобано хуьийту Шемерчу Iедалан тIеман кеманаша 20 хIаваан тIелатар дина хилар. Цу тIелатарша уггар лаххара а пхи стаг вийна. Охан-беттан ткъе иссалгIачу дийнахь тIом сацарон хьокъехь бина барт ца бохийна Латаки кIоштахь а, Дамаскан йистошкахь. Ткъа, Аллепо гIала бинчу бартана юкъа ца йогIу. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, тIаьхьарчу исс дийнахь Шемерчу Iедалан хIаваан ницкъаша дечу тIелатаршкахь 250 герга стаг вийна. ЦIе жIара организацис дийцарехь диъ дарбан цIийна а кхетта бомбанаш. КIиран юьхьехь 'Доза Доцу Лоьраша" , "ЦIе ЖIар" тобанаша а Iуналла деш хилла шина дарбан цIийнна а дина хиллера хIаваан тIелатар, ткъе итт стаг вуьйш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG