ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан гIентда балхара "дIавели"


Кадыров Рамзан а, Каратаев Мохьмад а
Кадыров Рамзан а, Каратаев Мохьмад а

Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдан гIентдас Каратаев Мохьмада балхара дIаваларан хьокъехь кехат чуделла Нохчийн Республикан куьйгалхочун ханна декхарш кхочушдечу Кадыров Рамзане. “Ас сайн Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдан гIентден декхарш кхочушдар сацаде, аьлла доьху,” яздина ду цу дехарна тIехь.


Дагадаийта догIу, Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь Кадыровс Каратаев Мохьмаде шен лаамехь балхара дIавала элира. Кадыровс дийцарехь Нохчийчуьрчу суьдхоша харцонаш лелайо, кхаьънаш оьцу, нахана ца йогIу хенаш етта.


Нохчийчуьрчу бахархошна кхелахой балхара дIабовлар Кадыров Рамзана суьдхошна бина Iаткъамца доьзна хета.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG