ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лехарх карош вац Вараев Iадлан


Шаройн, Шуьйтан кIоштарчу Орган бердашца хIинца а лохуш ву кIира хьалха хичу воьжна говаьлла спортхо, Орсийчоьнан охьатохархлатархойн федерацин вице-президент Вараев Iадлан. Эзар сов стаг ву иза лохуш. «Хица оха 10 тергонан куп тоьхна лоьху спортхо, квадрокеманаш, леррина техника а ю араяьккхина, ткъа ца баьлла аьтто схьакарон» - аьлла журналисташка Нохчийчоьнан орцан министраллан векалша.

Нихалойна гергахь 50 метр берд болчу Органчу воьжна Вараев, ша-шен сурт даьккха воьлча, аьлла ю официалера верси.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG