Соьлж-ГIаларчу Кировн юьртахь цIенош дагийна Дуьненан шолгIачу тIеман толам базбечу дийнахь мехкан шахьар чувуллучохь эккхийтар динчу Джанаралиев Шемалан а, Иналов Ахьмадан а гергарчийн.
Амма Iедало хууш дац шена зулам хьан дина, аьлла даржийна. Хиламах тоьшалла до могIарчу бахархоша. Гергарчех цхьамма хаийтина прессина, ДжанаралиевгIар а, ИналовгIар а лулахошкахь севцца шайн хIусамаш ягорца доьзна, аьлла.
ХIусамашца цхьана яьгна доьзалийн йийбар, кхиболу бахам.