ГIирмехь дIалаьцначу оьрсийн Iедало дIакъевлина Маршо Радион цигара веб-сайт. Иза «лела йихкинчех ю» аьлла ду сайт еллавоьллачо доьшу йоза. «Агрессин акт ю юхьарлаьцнарг, Оьрсийчоьно Украинера дуьненан низам а дохош схьаяьккхинчу ГIирмера бакъдерг даржо ца магор,» - боху оцу хьокъехь Маршо Радион коьртачу редакторо Пейич Ненада ша еарийдийнахь динчу дIахьедарехь.
«Маршо" Радионан дешан бакъо талхор а, маьрша информаци яржорна дуьхьалояр а лору оха «ГIирма. Долушдерг» сайт ехкар Оьрсийчоьно» - аьлла Пейича.