ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кешнийн бизнес къовсуш велла шиъ


Москох «Хованское кешнашкахь» ши бIе сов стаг вовшахлетта шоьтадийнахь, ши стаг а леш, хаамбо Оьрсийчуьрчу зорбано. «Лазийначех шиъ велла», аьлла даржийна Интерфаксехула полицин векало Хотина Софьяс.

РИА-агенталло бахарехь, леташ цхаьболучара герзаш а диттина. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIе а тевжаш,Интерфаксо чIагIдо, 50 сов стаг лаьцна бохуш.

Кешнашка кхаьчначу полицино, вовшахлетарш дIасакъастош, ирх герзаш диттина. Кешнашка нах дIабухкуш, хIолламийн Iуьналла деш лелаен бизнес къовсуш вовшахлетта, хьостанаша дийцарехь, Юккъерчу Азин къаьмнех нах а, кавказхой а.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG