Азербайджанан а, Гуьржичоьнан а, Туркойн мехкан а тIеман министерша цхьаьнакхетта стигалкъекъа-беттан пхийтталгIачу дийнахь Азербайджанан гIалахь Габалахь цхьаьна тIеман Iаморш дIадахьаран хьокъехь хаттарш дийцаредан. Азербайджанан тIеман министра Гасанова Закира дIахьедина и Iаморийн Iалашо Азербайджанан а, Гуьржичоьнан а, Туркой мехкан а эскарийн тIеман говзалла алсам яккхар ю аьлла. Ткъа Гуьржичоьнан тIеман министра дIахаийтина Гуьржичоь масех цу тайпа Iамарш кху шарахь ше махкахь дIадахьа реза ю аьлла. Ала догIу, стигалкъекъа-беттан 16-чу дийнахь Азербайджанан а, Эрмлойчоьнан а президенташ Карабахан проблема йийцаре ян вовшахкхета лерина бу Венехь.
Азербайджанан а, Гуьржичоьнан а, Туркойн мехкан а эскарша тIеман Iаморш дIадахьа лерина ду.
