Исламабадехь рогIера пхиолгIа дийцарийн раунд йолаелла ОфхIанерчу Iедална а, ТIалибанана а юкъахь. Цу дийцарийн Iалашо дукха хенахь дуьйна севцина хилла машаран дийцарш дендар ю. Дийцаршкахь дакъалоцуш биъ мехкан векалш бу: ОфхIанистанера а, Пакистанера а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкара а, Китаера а. Кху шарахь дечкен-баттахь дуьйна и биъ мохк ТIалибан цу дийцаршна юккъеоза гIерташ бара, амма цу хьокъехь хилла кхиам талхийра ТIалибана буьрранчаша кху бIаьста дIайолинчу тIеман тIелатаран операцино. ТIалибан дIахьедо кхечу махкара ницкъаш ОфхIанистанера арабаххалц, ша Кабулца юкъархой боцуш дийцарш дIахьур дац.
Биъ мохк бу ТIалибанца машаран дийцарш дIахьош.
