Нохчийчуьра эскаре кхайкхина волу Мовсаров Арисхан цхьа бутт хьалха шен тIеман дакъа дитина къайлаваьллера. Цуьнца гIуллакхдечу накъосто цуьнан цIерачаьрга дIахаийтинчул тIаьхьа, гергарчара цу тIеман декъан эпсарш бехке бира хиллачуна. Стигалкъекъа-беттан 15-чу дийнахь Арисхан шен гергарчаьрга хаам бира ша Ростов кIоштан Новочеркасск гIалахь хилар. Иза мичахь ву хиинчул тIаьхьа, цуьнан буьйранча цунна тIехьа а вахана, иза тIеман декъе юхавалийна. ХIинца цу декъан тIеман урхалла хилларг толлуш ю.
Мовсаров Арисхан ша гIуллакхдечу тIеман декъе схьавалийна.
